ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитете арз динчул тIаьхьа Дагестанера зударшна тIехь ницкъбарх лаьцна книга йухкучуьра дIайаьккхина

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Читай город" туьканара, АСТ арахоьцийлера, йаккхийчу элеткронан сервисашкара, маркетплейсашкара йухкучуьра сацийна Дагестанера зударшна тIехь ницкъбарх лаьцна Елецкая Натальяс йазйина "Салихьат" книга. Хьалхо оцу книгана арз динера Талламан комитете Оьрсийчоьнан йаздархойн дагестанхойн декъан куьйгалхочо Муслимова Миясата.

Роман йухкучуьра дIайаьккхина "Литрес", "Яндекс-Книги", "Строки", LiveLib, "Лабиринт" и Wildberries майданашкара, йаздо "Верстка" интернет-гIирсо. Цхьахвочлу туьканан йохкархочо оцу гIирсе дийцарехь, книга йухкучуьра дIайаккха йеза "Оьрсийчоьнан низамашдахаран тIедахкарш кхочушдан Iалашонца" аьлла, цуьнга хаам кхаьчна хилла. Оцу йукъанна официалехь книга йохкар доьхкуш хиларх бина сацам бац.

2021-чу шарахь арахецна и книга "Рукопись года" премин шорт-листа йукъа йахара. Цу тIехь дуьйцура, бертаза шел а воккхачу стаге маре йахийтинчу 16 шо долчу йоIах Салихьатах. Марзхоша йоIана тIехь Iазапаш хьегна хиллера, йетташ а, сина Iаткъам беш а.

2026-чу шеран охан-баттахь, роман зорбане йаьлла пхи шо даьллачу заманчохь Муслимовас арз динера Талламан комитете, оцу романа тIехь "халкъашна йукъахь мостагIалла гIаттош" билгало йуй хьовсахьара аьлла.

Цхьана хенахь зорбанан а, информацин а министран гIовс хиллачу Муслимована хетарехь, оцу книги тIехь Дагестан, низамаш ца лардеш, божарша зударшна тIекхь ницкъбеш мохк санна гойтуш йу. Стигалкъекъа-баттахь Муслимовас хаамбира, материалаш таллам бан хьовсийна аьлла, шега жоп дарах.

  • 39 шо долчу Умалатова Гёзельна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийра, бакъоларйаран органийн белхахочунна харц цIе а кхоьллина, цунна кхерамаш а тийсина аьлла. ЗаьIапхо а йолчу ХIинжа-ГIалин йахархочо дийцинера, шен берашна хьалхха полисхочо ницкъбира шена, тIехь дисинчу таммагIийн тоьшалла а динера эксперташа аьлла. Талламхоша цуьнан латкъам тергамза битира.
  • Батарейх йихкина, кхаа дийнахь шен йоI латтийначу нанна бехкаш дехкина Дагестанехь, иза ша шена тIе куьйгаш хьочу хьоле йаккхарна. Кхиазхочунна тIехь оцу кепара зулам дина меттиг хаалахь, оцу стагана 15 шаре гергга хан кхачайо чохь йаккха.
​
XS
SM
MD
LG