ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламхочунна колонихь даккха 4 шо хан тоьхна Нохчийчуьра кхело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлжа-ГIаларчу гарнизонан кхело шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха 4 шо хан тоьхна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан тIеман декъан лакхарчу талламхочунна-криминалистана, юстицин майорна Шутов Иванна. Кхелан сайтехь бина цунах лаьцна хаам.

Бинчу сацамехь билгалдаьккхина, шегарчу даржах пайдаоьцуш, Шутовс 300 эзар сом даккхарх Нохчийчуьрчу цхьахдолчу тIеман декъан эскархочуьнгара, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллак цадоккхург.

Нохчийн пачхьалкхан "Чечня Сегодня" ресурсан хаамашца, Шутов Иван кхечу регионера хьажийна хиллера Нохчийчу. Кхело таIзар кхайкхочу заманчохь тергоне эцна бехк малбен хьелаш.

  • Грозненскан тIеман гарнизонан кхело товбеца-баттахь таIзар дира дезертиралла дар аьллачу Iедалан кхъепехула. Кхел кхайкхийнарг вара тIеман гIуллакхдархо Бугучаев Зеламха. Карарчу хенахь лакхарчу кхелан инстанцихь латкъам беш бу сацамна. Тарло Украинерчу тIамца доьзна хила бехктакхаман гIуллакх.
  • Нохчийн бакъонашларъяран организациша а, блогерша а хаамбо, "лаамхой" санна Украинерчу тIаме хьийсорхьама республикера лечкъочу бахархошкара шайга кхочучу хаамех лаьцна. Цара бахарехь, харжам атта бац: йа контрактана куьйг яздина нах байъа воьду хьо, йа билггала йоцу хан "къайлахчу" набахтешкахь яккха кхерам лаьтта хьоьгахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG