ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламо гIалгIайн юкъараллин боламан цхьахволчу куьйгалхочунна тIелеттарш чохь латтош бина сацам хийцина


Султыгов Сараждин
Султыгов Сараждин

ГIалгIайн юкъараллин "Мекх-Кхел" боламан цхьахволчу куьйгалхочо Султыгов Сараждис хаам бина, шена тIелатарна бехке вина лаьцна хилла Ибрагимов Ризван а, Дамаев Артур талламо дIахецна хиларх. Кавказ.Реалиица шен хиллачу къамелехь и сацам тамашен бу аьлла Султыгов Сараждина.

"ХIинца ца хаьа стенна тIе тевжаш бина и сацам. Оршот дийнахь со Талламан комитете вера ву оцу хьолах дерг хатта, тIаккха хуур ду кхин дIа муьлха гIулчаш яха еза а. Талламан сацам тоъал бух болуш ца хилахь, цунна латкъам бан хьожур ву со", - дийцина Султыговс.

Цо билгалдаьккхина, и гIуллакх цхьана кIирнах Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) талламхошкахь а лаьттина, тIаккха Талламан комитете дIахьажийна хилар. Яхначу хенахь талламан гIуллакхаш д1адахьарх лаьцна Султыговн х1умма а ца хаьа – иза цхьамма а левина вац.

Дечкен-Беттан 31-хь Султыговна тIелетира ши стаг – иза чохь вехачу Назранерчу петаран неI тоьхна, иза ара а ваьккхина, цхьахволчо йиттира, ткъа шолгIачо дерриг телефонан камерана тIе дIаяздира. Ши стаг нохчийн регионан номершца йолу BMW тIехь веанера. ОМВД-н белхахоша дIалецира цунна тоьхнарг – Карабулакан эвлан вахархо хиллера иза.

ТIелеттарг а, цуьнан накъост а лаьцна, кегийра харцахьа леларна бехке а вина, хIинца толлуш ду царна дуьхьал "Еттар" аьллачу бехктакхаман гIуллакх айдаран хаттар, хаам бо ГIагIайчоьнан МВД-хь.

  • Хьалхо кху баттахь Султыговс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга кхо бехк кховдийра, нохчийн-гIалгIайн юкъаметтигашца доьзна. ШолгIачу дийнахь "Мехк-Кхел" юкъараллин организацин YouTube-канал яьстира. 2019-чу шеран ГIадужу-батахь талламаш бира Султыговн хIусамехь, ГIалгIайчуьрчу бусулбачийн Ассоциацин куьйгалхочунна Абадиев Мусана хетарехь, иза доьзна хила тарлора Султыговс Нохчийчоьнан парламентан спикере Даудов Мохьмаде Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанах лаьттачу къовсамах бина кхайкхам бахьана долуш.
  • 20I8 шеран Гезгамашин-Беттан 26-чохь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертан куьйгаш яздира регионийн куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а. Бинчу берто митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Доза шайна эшам а хуьлуш къастийна, бохура протестхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG