ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тарамова Хьалиматан гIуллакх таллар тIедожийна Нохчийчуьрчу "дарбанех" еддачу йоIа


Тарамова Хьалимат
Тарамова Хьалимат

Доьзалехь бечу ницкъах еддачу Нохчийчуьрчу яхархочо Лорсанова Амната кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре, дас лачкъийна йигначу Тарамова Хьалиматан гIуллакх таллар тIедожош.
Лорсановас дIахьедо, Тарамова ен тарло, "сий лардеш", я бертаза маре яхийта мега шолгIа я кхоалгIа зуда хилийта, бохуш.

Тарамова лачкъийна ши бутт баьлла боху цо, Соьлжа-ГIалин телехьожийлехь цунах лаьцна сюжет гайтинчул тIаьхьа цуьнгара цхьа а кост дац аьлла, билгалдоккхуш.

"Бастрыкин Александр, кхин маса стаг вен веза Нохчийчохь, зуламхой къайлакхоьхьучуьра хьо сацийта? Ши шо а ду ас чуделла дIахьедар цхьана а кепара толлуш доцу. Бакъоларъяран органаша пIел пIелгах ца тоьхна цхьаъ юьхьарлаца", - боху Лорсановас "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан" ютьюб-каналехь зорбане яьккхинчу видео тIехь.

Соьлжа-ГIалахь лоьрийн доьзалехь йина ю Лорсанова Амнат. Зудаберашца йолу цуьнан уьйр къахко гIерта шаьш бохуш, "жинаш лелхош" хIуманаш лелийра цунна тIехь гергарчара, цул тIаьхьа бертаза психиатрин клинике охьа а йиллина, масех баттахь транквилизаторшца "дарба лелийнера". ДоьлагIа яда ка елира цуьнан республикера. Орсийчоьнан Талламан комитете латкъам бира цо, шена еттарх а, ницкъбарх а.

  • Кадыровхоша, ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь ницкъаша Нохчийчу дIайигина Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI Тарамова Хьалимат. Иза ядош гIодина меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша текхош, етташ бигина полицин декъе.
  • Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца доху бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.
  • Цул тIаьхьа дукха хан ялале, Тарамова гайтира меттигерчу "Грозный" телеканалехь. 35 минотехь яьккхина лерина репортаж гайтира телехьожийло, Нохчийчуьра йоI "лачкъо гIортарх". Видео тIехь цо элира, шен гIуллакхаш дика а ду, цхьаммо а еш гIело а яц шена, "дага ца догIу" шена ша шелтере муха кхаьчна а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG