ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тарамована гIортор еш пикеташ хилла Санкт-Петербургехь


Тарамова Хьалимат

Санкт-Петербургехь Невскийн проспектехь пикет хилла Нохчийчохь йиначу жима зудчунна Тарамова Хьалиматна гIортор еш. Тарамова Дагестане еддера цIера, амма дукха хан ялале дас, тIаьхьа а веана, полисхоша гIо а деш, дIайигира иза республике.

Пикете арабевллачара, дIалаьцна дара "Адам дадор дуьсур дац ца гуш", "Мичахь ю Хьалимат?" тIе яздина плакаташ, хаам бо Санкт-Петербургерчу "Мойка78" зорбан гIирсо.

Бакъоларъярхоа, журналист а йолу Тарамована гIо деш хилла Анохина Светлана саготта ю цуьнан кхолламах кхин дIа хиндолчунна аьлла хаамаш баржийнера хьалхо. Фейсбукерчу шен агIона тIехь Анохинас харцдира Тарамова шозлагIа а яда гIоьртина бохург.

  • Кадыровхоша, ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан I0-чохь ницкъаша Нохчийчу дIайигина Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI Тарамова Хьалимат. Иза ядош гIодина меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша текхош, етташ бигина полицин декъе.
  • Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца доху бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.
  • Цул тIаьхьа дукха хан ялале, Тарамова гайтира меттигерчу "Грозный" телеканалехь. 35 минотехь яьккхина лерина репортаж гайтира телехьожийло, Нохчийчуьра йоI "лачкъо гIортарх". Видео тIехь цо элира, шен гIуллакхаш дика а ду, цхьаммо а еш гIело а яц шена, "дага ца догIу" шена ша шелтере муха кхаьчна а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG