Гезгмашин-беттан 13-чохь Iедалхоша дIаяьхьначу шуьйрачу кхеташонехь мехкан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин урхалхочо Таймасханов ГIаласа дIахаийтина таро йоцчу а, гIело хьоьгучу а доьзалашна гIо дина аьлла.
«Грозный» ЧГТРК-с зорбане хIоттийна цо къамелден видео, цуьнан терго йина оппозицин «Нийсо» телеграм-канало. Нохчийчохь къоьлла хьоьгуш 91 142 доьзалш бу, царна дала аьлла бахначу бархI баттахь 98 миллиард сом дара хьажийна, дIахьедина Таймасхановс.
И бохург ду, юккъерчу барамехь, Таймасхановс чIагIдарехь, хIора таро йоцчу доьзална баттахь дIалуш хилла 134 405 сом. Оцу юкъанна, Росстатан хаамашца, доьдучу шеран шолгIачу кварталехь бахархошна юккъерчу барамехь тIебогIу пайда бу 25 461 сом баттахь.
Цул совнах, Таймасхановс хаийтина церан бахамах а, коммуналан хьаштех а юккъерчу барамехь 3 миллиард соьмана гIо кхачорах. ГIоьналла дина 276 эзао стагана, иштта пхи эзар сов гIад дайначу доьзалашна а, цхьаллехь бехачу бахархошна а спецконтракташкахула 668 миллион сов сом делла боху цо.
Оцу юкъанна, 2022-чу шарахь республикана аьлла, тIечIагIйина бюджет ю – 110,7 миллиард сом, харжашна аьлла – 125,4 миллиард сом, цуьнан социалан политикана хьажийна 43 миллиард сом.
Хууш дац, бюджетан параметрашца муха догIуш ду Таймасхановс дIакхайкхийна терахьаш.
- 2022-чу шеран зазадокху-баттера марсхьокху-батте кхаччалц Нохчийчоьнан пачхьалкхан декхар лакхадаьлла 76% - 3,59 тIера 6, 35 миллиард соьме.
- Оьрсийчоьнан эскархойн могIаршкахь Нохчийчуьра тIемаш бечу дакъошна 20 миллиард ахча дайина Кадыров Рамзана, дIахьедира марсхьокху-баттахь республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада Соьлжа-ГIалахь йоьдучу кхеташонехь. Юьйцург муьлха валюта ю, цо билгал ца даьккхира, хууш дац иштта, регионан куьйгалхочо доьхкина ахча стенгара даьлла а - Нохчийчоьнан бюджетера йа шен кисанара.
- Иштта марсхьокху-баттахь Кадыровс тIедожийра, тIеман декхарш кхочушдан резабоцчу махкарчу таро йоцчу нахана федералан Iедало хIиттийна ахчанаш дIахедаде аьлла.