ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисин позици мухха йелахь а, Нохчийчохь Гуьржийчу некъ биллийта агитаци йо


Нохчийчуьра Итон-Кхелан кIоштара некъ
Нохчийчуьра Итон-Кхелан кIоштара некъ

Гуьржийчу керла некъ биллийта агитаци йо Нохчийчохь – оцу кепарчу материална зорбатоьхна пачхьалкхан информацин "Грозный-Информ" агенталлин сайтехь. Цуьнан тергойина "Эхо Кавказа" радионо, машенаш дIасалелийта Нохчийчоьнца некъ биллар хила йиш йоцург ду бохуш, Гуьржийчоьнан Iедалхоша дIахьедешшехь.

"Грозный - Информ" сайтерчу публикацехь чIагIдо, некъ билларо кеп-кепарчу регионийн, пачхьалкхийн "доттагIаллин а, шина а агIонна пайден юкъаметтигаш дIанисйийр ю, "таро лур ю логистикан Iалашонаш кхочушйан а, дIасакхоьхьу мохь шен хенна дIакхачон а", иштта Къилбаседа ХIирийчуьра Гуьржийчоьнца лаьттачу Оьрсийчоьнан дозанехь "дуккха а чакхармашка йеха раьгIнаш латтаран проблема а йерзор ю" бохуш.

"Грозный-Информо" билгалдаккхарехь, керла некъ билла беза аьлла хьалхо вистхилира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Оцу юкъанна, Къилбаседа-Кавказан институтан доцентана Золкин Евгенийна хетачунна тIетевжина, агенталло билгалдоккху, "Оьрисйчоьнна а, Гуьржийчоьнна а юкъахь хиллачу бертах доьзна хир ду некъана реконструкци йар, и схьабеллар а" аьлла.

Хьалхо Кавказ.Реалии сайто ма-яздарра, буьйцу некъ болийнера 1990-чу шерашкахь къобалйазчу Ичкерин сацамца, Итон-Кхелара Гуьржийчу кхачаво цо, официалехь дехьабовлу пункташ яц цигахь.

Гуьржийчоьнан Iедалхоша масийттазза дIахьедира, Нохчийчуьра некъ бан шайн интерес цахиларх, билгалдоккху "Эхо Кавказа" сайто. ТIаьххьара Тбилисихь и хаттар дийцаредира 2022-чу шеран зазадокху-баттахь. Гуьржийчоьнан регион кхиоран министарллехь хIетахь дIахьедира, пачхьалкх Нохчийчоьнца цхьанатухуш некъ барх лаьцна хаттар цкъа а шаьш дийцаредина дац, йа дийр а дац аьлла.

  • 2022-чу шеран гезгамашин-бутт бовш Оьрсийчоьнан ФСБ-но малйира Нохчийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозанера контроль. Къайлахчу севисийн омраца а догIуш, историкан гIишлош йолу дозанаш дозанхойн зонера арадаьхна. Карарчу хенахь дага а ца буьйлуш цига лела йиш ю.
  • Гуьржийн Паьнказан чIожера нохчаша тобанаш вовшахтуьйхира Оьрсийчуьра мобилизацих бевддачу Нохчийчоьнан бахархошна гIодан. Кавказ.Реалиин корреспонденто къамелдира, дозанехула чекхбовла аьтто хиллачьарца а, царна гIодинчаьрца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG