ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалой болу меттиг юьйцур ю айкханчаша


Нохчийчоь - Нохчийн тIемалой.
Нохчийчоь - Нохчийн тIемалой.

ТIемалойн баьччаш мичахь бу, аьлла схьабийцинчарна миллионашкахь ахча кхайкхийна Нохчийчохь.

Айкхалле виллинарг ву 9 стаг. Нохчийчура - 4, ГIалгIайн махкара -1, Дагестанера а 4. Шаберриш а тIемалойн лидерш бу боху. Царах хIора стагана айкхваьллачунна кхоккха миллион сом ахча лур ду аьлла. Оцу спискана тIера шиннах -Нохчийчуьра Бютакаев Асланах а, Дагестанера Асильдаров Рустамах пхиппа миллион сом ду къастийна.

Хьалхарниг - Имарат Кавказан Вилаят Нохчийчоьнан хьалханча ву боху, ткъа важа - Имарат Кавказан буьйранча ву аьлла ду. И терминологи Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн сайтан тIехьша ма-ярра ю.

Имаратера а, кхиболу а тIемалой байъина дIабевла, аьлла официала дIакхайкхийна делахь а, хIинца юха а бийцаре баьхна, схьагарехь, тоххарехь, шайн-шайн мехкашкара-м ца хаьа, Оьрсийчуьра а дIабахна хила тарлуш болу тIемалой.

Юха а, Имарат бохуш, иза цхьа боккъала а хилла лаьттина Iедал хилча санна, дийца долор лаа дуй теша, аьлла ца кхеташ бисина юккъараллехь. ХIинццалца миччанхьа, лохуш ву, лехаршкахь ву, бохуш гIарваьккхинчу тIемалочух, зуламхо, террорхо, нах байъарна а, кхидолу зуламаш дарна а бехке ву, олий, сийсаза а веш дIакхайкхадора.

Ткъа хIинца-м мелла а ларамца буьйцуш бу уьш. Ша а цакхетамехь висна, юха а и нах оццул дукха ахча а кхайкхош, церан даржийн цIераш а йохуш кхайкхор, аьлла, цу хьокъехь шена хетарг Маршо радиога дийцира юккъараллахочо Апаев Асланбека.

Апаев: «И ахча дойъуш ду цара. Царна и нах кара ца бо бохучух со ца теша. ТIемалой боцучарах а тIемалой бан мега. Тахана а дуьйцуш ма ду, цхьа а тIемало вац бохуш. ХIинца тIемалойн лидерш а болуш, дуьйцуш муха хир ду? Лидер хилча, церан тIемалой а хила ца беза тIаьхьахIиттина».

Исс тIемалочух айкхаллина диллинчу ахчанан барам хуьлу 29 миллион сом. И ахча даккха лууршхала лаха дезар дац, аьлла хета юккъараллахочунна Апаев Асланбекана. Цу хьокъехь иштта элира цо.

Апаев: «Цхьа нохчийн зуда еара со волччу цхьа 8 шо хьалха. Шенвийначу шина кIантах лаьцна дийцира цо. Цхьа накъост вара боху цо шайга вогIуш. И ши кIант ламчу вахна хилла тIом бан. Цигахь вийна цIавалийна дIавоьллина.

Оцу зудчо теллина и гIуллакх. ДIахьаьжча, и царга вогIург лерина сервисан белхахо хилла. ТIаккха цунна кхерам тесна, хьо дIасоцу, я оха хьо юьйр ю, аьлла».

ТIемалойн терахь Къилбаседа Кавказехь дикка лахделла, аьлла дуьйцуш ду. Официала лоруш ду, низамхоша дика болх бина, церан доь дайъина, аьлла. Амма бозуш боцучу тергамхоша билгалдоккху, шаьш байъаре а ца хьоьжуш, ша мел болу, аьлча санна, тIемалой Шема тIом бан дIабахана хиларан бахьанца регионехь мелла а тийналла дIахоьттина аьлла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG