ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат Мусаев Мурад: "Ишта харц кхел суна гина яц..."


Оьрсийчоь -- Буданов Юрий верна бехке а вина, Темерханов Юсупана 15 шо хан тоьхна Москохарчу кхело
Оьрсийчоь -- Буданов Юрий верна бехке а вина, Темерханов Юсупана 15 шо хан тоьхна Москохарчу кхело

Нохчийчура йоI хьийза а йина, йийна хилла оьрсийн полковник Буданов Юрий верна бехке а вина, кхеле озийна хиллачу Темерханов Юсупан луьра хьелаш долчу колонехь даккха I5 шо кхайкхийна Москох-гIалин кхело. Темерхановс тIе ца лаьцна ша бехке хилар. Цуьнан адвокат хиллачу Мусаев Мурада бахарехь, харц-бакъ дIаяьхьначу кхелан сацамна дуьхьал латкъам кечбийр бу цо.

Бехк-къасторхоша бехке леринчу Темерханов Юсупана луьрчу хьелийн колонехь даккха 15 кхайкхийна Москох-гIалин кхело шинарин дийнахь. 2000-чу шарахь оьрсийн эскархоша вен а вийна, вагийначу шен дех бекхам беш вийна Темерхановс, Кунгаева Эльза къиза ерна гIараваьлла Буданов. Нохчийчохь дIаяьхьначу леррина операцех хьакхавелла цхьаъ къаста а вина, вен ойла йолуш хилла бекхам бан араваьлларг, бохуш чIагIдо талламо.

Талламан хьесапехь, Москохарчу Комсомольский проспектехь, нотариусан конторера сигаьрка оза араваьлла лаьттачу оьрсийн эскаран экс-полковникана Буданов Юрийна бархIозза герз тоьхна Темерхановс.

Амма и кхел йолаелчхьана дуьйна, аьттехьа а юрист воцчунна а гуш яра, кхелан хIусамехь лаьтта харцо. Юьхьанцара, нохчашна ехха хенаш кхайкхош, хи санна, луьра хьелаш долчу, Оьрсийчоьнан уггар генарчу набатешка хьовсон Iемина кхелахой а, прокурор а паргIат лелара. Амма адвокатан балхо церан синтем байира.

Буданов вен а вийна, машенахь дIавоьдуш гина волу теш Евтухов Александр кхайкха кхел дуьхьал яьлча, шайн чотах иза Москох валон гIьортинера Темерхановн адвокаташ. Амма Евтуховца лелийнарг, цхьана кепара цхьана кхелехь чекхдала йиш хIума дацара. Адвокатийн чотах Москох веана коьрта теш лачкъа а вина, масех дийнахь латтийра талламан цIарах леллачара. Буданов вийна стаг Темерхановл I5 сантиметр лоха а, сирла месаш йолуш а вара бохург, тидамза дитира кхело.

Адвокат Мусаев Мурад Маршо радион Москохарчу бюро чохь, 20Чил2009
Адвокат Мусаев Мурад Маршо радион Москохарчу бюро чохь, 20Чил2009
​Маршо радио тахана зIене елира Темерханов адвокатца Мусаев Мурадца. Москохара схьа телефонехула тхан хиллачу къамелехь цо элира, хIара санна харц чекхяьлла кхел шен цкъа а хилла яц.

Мусаев: "ХIокху Оьрсийчохь и саннарг бен кхел ян а яц. ХIокху тIаьхьарчу цхьана I0 шарахь цуьнца болх беш Iаш ву со. Бехке винарг нохчо хилча, къаьсттина, хIара санна долчу гIуллакхехь, гуттар тIетаьIаш Iедал ду церан, милла велахь а - Iедалан белхахо хила иза, полицин белхахо велахь, прокурор велахь а, суьдхо велахь а. ХIуъа харцонца шаьш бехке (ван леринарг) ван йист ялийта гIерташ, къахьоьгу цара. Амма хIокху гIуллакхана тIехь санна цара лелийна харцо, суна хIокху иттех шарахь хааелла яцара. Дала мукълахь, цара лелийнарг царна ишта атта дуьсур долуш дац. Я, церан дош тоьллера аьлла, къарделла севцца тхо а дац."

Кхузахь дагадаийта деза, Темерханов тера варий, Будановна тапча йиттинчух аьлла, кхело Евтуховга хаттар делла ца хилар.

Мурад, муха нисделла цхьанаболх бан ца хууш йолу Оьрсийчура Iедалан система нохчашна тIехь кхел ечу хенахь, сел бертахь хилар? Телевизион, газеташ, интернет хьосташ, полисхой, аэропортехь берш – уьш массо а цхьана хIуманна тIе балош цхьа ницкъ болу сурт ду иза. Хьенан урхалла ду иза? Стенгара кхаьчна царна, Темерханов бехке веш кхел ерзае боху омар?

Мусаев: "Ца хуург, сан дуьйцийла дац. ХIокху гIуллакхна тIехь куьйгалла деш верг мила вара, суна хаац. Амма цхьа хIума хаьа суна. Оцу прокуратурехь, полицехь а шортта, Нохчийчура тIамехь чекхбевлла нах бу. ТIом бина белахь я кепаш хIиттийнарш белахь а. Царна, оцу Юсупана дуьхьала шаьш лелийнарг цхьа гIазот санна хетий те аьлла, шек а ву со. Барнуалера, Волгоградера, я Москохара - шайн оцу Юсупца чIир йолуш санна, лелаш бар-кх царах цхьаберш. Ша берриш а, эр дац аса."

Темерханов Юсупан да оьрсийн эскархоша вен а вийна, вагор а тIехь, цунна дуьхьала даьккхира цу кхелехь.

Мурад: "Мухха делахь а, шайн дуьхьа ма бу уьш. И вийнарг (Буданов) шайх цхьаъ хета царна, цкъа делахь. ШолгIа, бехке ву аьлла къастийна волу хIара цхьаъ, кхелан уггар а луьра йист ялийта (Iалашо) йолуш бара уьш. Велла дIаваллалц, чохь латтон ойла йолуш бара уьш. Амма юха а, тIаккха а, цара бохург чекх ца далийта, тхайн синош дIалур долуш ду тхо, Дала мукълахь."

Схьагарехь, Оьрсийчура ерриг кхелан система шуна тIейирза хилча, кхелам сацам ца хуьйцуш буьтур бу Лакхарчу Кхело а. Страсбургера кхеле довла дагахь-м дац шу?

Мурад: "Дуьххьара, цара Юсуп-хьаьжа дIалацарх, цунна тIехь ницкъ барах а лаьцна, цхьа кехат дIахьажийна оха (Страсбурге). 5-6 бутт хьалха. Кхин а цхьана эха шарахь йист яла мегаш ду и. ХIокху пачхьалкхехь харцо эшорах тхан гIуллакх ца хилахь, хIокху кхелан сацамах лаьцна а, цара оцу суьдехь латтийначу харцонах лаьцна а, кхин дIа а Страсбурге кехаташ чулур долуш ду тхо, Дала мукълахь."

Маршо радиоца Москохара схьа телефонехула къамел динарг вара Темерханов Юусупехьа Москох-гIаларчу къийсина волу адвокат Мусаев Мурад.
XS
SM
MD
LG