ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тенор Умханов Шарип


Умханов Шарип Киеве ваха новкъа ваьлла, Соьлж-гIаларчу аэропортехь, 09Ман2012
Умханов Шарип Киеве ваха новкъа ваьлла, Соьлж-гIаларчу аэропортехь, 09Ман2012

ТIемаш бахьанехь шайн корматалла кхион хьовха иза юй а ца хууш яьккхина дукхах долчу нохчийн бераш а, кхиазхоша а. Амма Умхаев Шарипан аьтто баьлла, дахарехь шен меттиг дIалаца.

Тахана Нохчийчохь, артисташна юккъехь Умханов Шарипан цIе яьккхича, дукхачарна иза евзаш ца карайо. Амма, шен махкахь иза гIараваьлла вацахь а, Москох а, Украинехь а, готтачу гуонехь дика вевзаш ву, ша тайпа, цIена а, дика а, аз ду аьлла. Муьлх-муьлхачу йишлакхархочуьнга ца лацалуш йолу кхо октава лацало цуьнга. Вуьшта, майра лелалуш ерг ю шиъ ах. ХIинца иза Украинехь вехаш ву. Цига иза дIаваха ваьллачу аэропортехь сихаллехь дийцира цуо Маршо радиога шен корматаллах а, шен Iалашонех а лаьцна.

Умханов Шарип: Бас а, баритон а, тенор а , аьлла, декъалуш ду божарийн аьзнаш. Сайниг тенор ду. Шиъ ах октава болх беш ю сан, амма лацалуш ерг кхоъ ю. Иштта аз ду бохучу нахана юккъахь Градский Александр а, Кипелов Валерий а ву. Кхин хIара ву аьлла суна-м ца вевза. ЦIена аз деза цигахь.

Маршо радио: Вай нохчашна юккъехь коьрта хеташ ду-кх латар а, дегIа ницкъ гайта дезаш дерг а. Хьога-м ца олу махкахоша, и хIума а дитина, кхин болх хIунда ца лелабо ахь, олий?

Умханов Шарип: Вовзалц, и хIуманаш дуьйцурш а хуьлу. Амма, вевзинчул тIаьхьа, эшаршна дуьхьал бу бохучара а, ла ма доьгIнехь, ахь лакха мегар ду олу. Иштта цхьа хIуманаш ду-кх. ХIума ца олуш-м хир ма даций. Леташ боксер хилча а, цкъа а и спорт хIун ю ца хуушберш а хуьлу, буй иштта туоха безар ахь бохуш.

Маршо радио: Ахь йиш локхуш, Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а, нохчо вуй хиича, цец-м ца бовлу нах?

Умханов Шарип: Бакъдерг дийцича, ас дукха меттанашкахь эшарш локху. Италхойн маттахь ас лекхча, италхошна моьтту, со итальянхо ву. Иштта ас сербхойн маттахь цхьа йиш лекхча, царна моьттура со шайниг ву. Иштта хуьлу-кх.

Маршо радио: Муха а, ша кхечу мехкашкахь дика тIеэцахь а, Нохчийчоьнна пайдехь хила лууш цIахь болх бан Iалашо йолуш ву Умханов Шарип. Иза, кхин дукха хеттарш а ца деш, балха дIаэцна Соьлж-гIаларчу Лермонтовн цIарахчу Оьрсийн драматикан театре. Нохчийн аьзнаш дуьненна довзийтар -- иза ю шен Iалашо, боху цуо.

Умханов Шарип: Леромнтовн цIарахчу театре солист-вокалист балха дIаэцна со. Университетехь Iамийнарг доцург, классикийн эшарш кIезга ю сан репертуарехь. Цундела иза шор а еш, цхьа хIума дан гIерташ ду тхо. Кхузахь а беш бу болх. Министерствохь а жигара баькхкина и болх. Вай болуш бу дика аьзнаш долу нах.Уьш тIе а уозош, болх бийр бу-м боху цара.

Маршо радио: Градский Александран «Как молоды мы были» олуш, цуо ша дIалокхуш йолу и йиш, Оьрсийчохь болчу кхечу йишлакхархоша ца локху, иза хала йолун дела. Цигахь озо кхо октава лаца еза. Оцу хIуманца Умханов Шарип ларавелла, башха ницкъ а ца хуьлуш. Сафина Александран дуьненахь гIараяьлла йолу «Луна ту» олуш йолу йиш, цуо лекхча, халла бен ца къастало локхуш верг мила ву.

Махкахь хилла болу тIемаш даиман цхьаьна кхиамашца къам кхечарарел тIаьхьа дисаран бахьана ду, бохуш, дукха дийцинехь а, иштта дан а ду. Хийла адам ду, оцу буохаман бахьанехь, шена Дала еллачу корматаллица, иза шегахь юй-яций а ца хууш, кхин белхаш беш. Оцу хIуманна тIехь Умханов Шарипан аьтто баьлла. Иза шен безаш болу болх схьаэцна ву.
XS
SM
MD
LG