ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теpракт кечйарехь бехкевеш волу Нохчийчуьра вахархо Красноярскера Хабаровске дехьаваьккхина


Апти Висаев
Апти Висаев

Теpракт кечйарехь бехке леринчу Висаев Аптин гIуллакх Хабаровск гIалин (1-й Восточный окружной суд) олучу метте дIаделла. Хьалхо Красноярскан мехкан суьдехь дийцаре дира и. Висаевн хIусамнанас Мутаева Аишас дийцарехь, цуьнан цIийнда, "аьлла - дийцина хIума доцуш", кхечу регионе дехьаваьккхина.

Хабаровске гIуллакх дехьадаккхаро шен доьзалан хьал долчун тIе а чолхе доккху: адвокаташна некъана билеташ ийдан дезарна. Красноярскана, Хабаровскана йуккъехь 4200 км йу.

ХIора кхаа баттахь Висаев шен цIахь чувоьллина латтор дехарца кехаташ чу ло шаьш. Амма суьдо и дехарш йухало.

"Тешашка хеттарш дан аьтто хуьлуш бац талламхойн: видео-зIе ледара хиларна. ФСБ -н белхало уллохь волуш сан цIинден телефон теллича, Аптина гуш дара, цу телефонна чохь хьалха цахилларш цу чу даьхнийла. Цо ша реза цахилар дIахаийтира. Цундела иза суьдан ладогIаршкара араваьккхира", - дуьйцу Мутаевас

Красноярск-мехкан ФСБ-н урхаллехь Висаевн гIуллакхан таллар чекхдаьккхина. Иза бехке лерина теракташ йарна нах тIегIерторна, уьш (теракташ) йарехь дакъа лацарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Висаев велла дIаваллалц набахтехь латтош сацам бан тарло кхело. Цуьнан гергарчара и гIуллакх харц-талламашца вовшахтоьхна ду боху.

  • 23 ладогIар хилла цу гIуллакхан. Норильскера нохчийн диаспоран куьйгалхочо Дошкуев Игора Висаевн агIо лоцуш, кхайкхам бина.
  • ДIадаханчу шеран гIуран-баттахь Висаев Апти Красноярскан СИЗО-чуьра "спецблоке" чувоьллира. Цу чохь шийла хиларна, иза цомгуш хилла. Лоьрийн гIо цунна магош дац",- элира цуьнан зудчо. Шен цIийнда латтош волу хIусам адам чохь латтон мегар долуш йац, таIзарца нийсса лору ша и хьал, иза охьатаIон лелош дуйла хаьа шена, элира цо.
  • Хьалхо а, терроризм бехк хIоттийна, чохь хан йаьккхина ву Висаев Апти. 14, 5 шо хан йаьккхина цо. 2005-чу шарахь Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело хан кхайкхина. Герз дохкар, Iедал-белхалошна зуламаш дан гIортар, терракташ йар, аьлла, сацам бина. Цу хенахь бехке лоруш волчо ша даре дира ша лелийначунна. Йуха суьдехь элира цо, ша ницкъ беш, хьийзина ву, и куьг шега йетта йетташ, йаздайтина. Цуьнан гIуллакхехь билгалдаьккхина ду, цуьнан дегIан тIера чевнаш и дIалоцучу хенахь йина йу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG