Оппозицин 1АДАТ нохчийн боламо дIахьедар арахецна, 2020-чу шарахь кадыровхоша лачкъийна вигина хилла 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман дийна цахилар тIечIагIдеш. Хьалхо цунах лаьцна журналисте Гордеева Катерине дийцира "Iазапашна духьал Командин" юристо Садовская Ольгас.
1АДАТА-н дIахьедарехь билгалдоккху, Тепсуркаев вийна хиларх информаци цаьрга кхочу дикка хан яра, амма боламехь "тIаьххьалц" тешна бара, иза дийна хиларх. Делахь а, Садовскаяс интервью еллачул тIаьхьа сацам хилира оппозиционерийн, шайн гулбан ницкъ кхаьчна хаамаш нахалабаха.
1АДАТ-н зерашца, 2020-чу шеран Гезгамашин-баттахь Тепсуркаев лачкъийна, цунна тIехь ницкъ бинчул тIаьхьа, ГIадужу-беттан 7-чохь шаьш хIоттийна видео яккхийтира цуьнга бертаза, Соьлжа-ГIалахула маьрша волавелла лелаш ву бохуш. Цул тIаьхьа дIавигинера иза Соьлжа-ГIалара.
1ADAT боламна хетарехь, цул тIаьхьа кхин а шина кIиранах латтийна Тепсуркаев ницкъебш, сийсазалла лелош, вийна ГIадужу-беттан 15-чохь Гуьмса кIоштарчу Джалка эвларчу тIеман полигонехь – Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергара волу, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам веха юрт ю иза. Цул тIаьхьа цуьнан дакъа гергарчаьрга дIаделла, тапъалий дIаволла, коша тIе цIе а ма язъйе аьлла.
- 2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, шаьш МВД-н белхахой ду аьллачу наха. ТIаьхьо гергарчийн аьтто баьллера Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь юйла хаа.
- 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Тепсуркаев бакъо йоцуш "нохчийн регистрацин номерш йолчу Toyota Camry машенашкахь нохчийн полицин Iаьржа духар доьхначу кхаа-пхеа стагах лаьттачу тобано" лачкъийна хилар.