ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракт кечйеш хилла аьллачу шеконашца Бельгихь лецна Нохчийчуьра бахархой


Бельгин полисхой, гайтаман сурт
Бельгин полисхой, гайтаман сурт

Терроран тохар кечдеш хилла аьлла, шеконаш хIиттина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн агIончаш бу аьлла нах лецна Бельгин полицино. Царех дукхахберш нохчий бу. Дан леринчу терактан Iалашо билггал хIинца а къаьстина йац, зуламхоша масех сценарий кечйеш хилла, хаамбина Le Figaro гIирсо, Бельгин коьртачу прокуратурина тIетевжина. Лецале хьалха исс таллам бинера пачхьалкхан малхбузенан масех муниципалитетехь, операци дIайаьхьна талламан гурашкахь. Терроризмана дуьхьал лаьтта хеттарш листа векал вина Малхбузенан Фландрия провинцин суьдхо.

Коьртачу прокуратурехь билгалдаьккхина, лецначарш бехкебан тарло терроран кепехь нах байа хьовзарна а, террорхойн тобанехь дакъалацарна а, теракт кечйарна а. "Лецначех "берш бохург санна", прокуратурин хаамашца, - нохчий бу, царех кхааннан Бельгин паспорташ ду, тобанхошлахь бу зударий а цхьаьна. Урхаллехь билгалдаьккхина, "тIебоьлла "Исламан пачхьалкхан" агIончаш хилла уьш аьлла.

  • 2016-чу шеран зазадокху-беттан 22-чохь Брюсселерчу аэропортехь лелхийтарш дира. Террорхоша-Iожалхоша динера уьш. Цхьа сахьт даьллачул тIаьхьа кхин а цхьа эккхийтар хилира "Мальбек" метрон социйлехь. Мел лахара а 32 стаг велира цигахь. Жоьпалла "Исламан пачхьалкхо" шена тIелецира.
  • 2021-чу шеран марсхьокху-баттахь Бельгин Iедалхоша Оьрсийчу дIахьажийра Оздамиров Iела. Иза бехкевора 25 шо хьалха зуламаш, талораш лелорна. Пачхьалкхан коьртачу прокуратурин тIедожорца дина хIума дара и.
  • Бельгихь протесташ йо нохчийн диаспорин векалша, 2018-чу шарера схьа дуьйна депортацин набахтехь латтон Албаков Ислам Оьрсийчоьне дIа ма ло бохуш. Албаковн гергарчара чIагIдо, Оьрсийчохь иза вен кхерам бу бохуш. Ши шо хьалха кхело сацийра Оьрсийчу цунна депортаци йар, делахь а, прокуратуро оцу сацамна латкъам бира, уьш къар ца ло, и стаг шайн пачхьалкхана кхераме ву бохуш. Карарчу хенахь цуьнан гIуллакх толлуш ду Бельгин Лаккхарчу кхелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG