Талламан дехарца Сунжехь низамаш лардон органийн ши гIишло эккхийта кечлуш хилла аьлла, лаьцна ши стаг Мержоев Мохьмад а, Мейриев Микаил а, хаам бо Кавказ.Реалиино. И шиъ талламан изоляторна чувоьллина.
Мержоев а, Мейриев а лаьцна хилла Марсхьокху-беттан 31-хь, амма цуьнах лаьцна хIинцца бен ца хиъна. Хилларг дика девзачу шен хьастана тIе а тевжаш, "Интерфаксо" бинчу хаамца, ницкъаллин структурийн белхахошна хиъна и шиъ Оьрсийчохь йихкина йолчу "Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхо хилар. Талламхойн версица, и шиъ дагахь хилла полицин ши гIишло эккхийта.
"Оцу Iалашонца, кхушара Товбеца-беттан 31-гIа де тIекхачале цаьршимма эцна цхьацца эккхийтар дан оьшу компаненташ", - чIагIдо агенталлан хьастано. Цо дийцарехь, царах оьккхуьйтарг ян аьтту бу 0,875 кила тротилан эквивалент а йолуш.
Зулам дале хьалха лаьцна и ши стаг Экстремизманан дуьхьалойон Центран а, ФСБ-н а белхахоша. Мержоевна а, Мейриевна дуьхьал толлуш ду бехктакхаман гIуллакх, "Терроран акт кечъяр" артиклехула.