ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терактна бехкевечу Нохчийчуьрчу вахархочо дIахьедо, шена дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш хилар


Красноярскан кIоштарчу къайлахчу сервисийн талламан декъо терроризмана гIоьналла а латтийна, теракт дан нах хьехна аьлла, Нохчийчуьрчу вахархочунна Висаев Аптина дуьхьал айдина гIуллакх - фабрикаци ю аьлла цуьнан гергарчара. Хаам бина цунах лаьцна бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан юстицин министралло арахьарчу агентийн статусе язйина) центро.

Талламан версица, Оьрсийчохь йихкинчу "Имарат Кавказа" тобанан агIонча хилла ву Висаев, инстаграмехула а, телеграмехула а "Беккаримов" аьлла къайлаваьхьначу теше 2021-чу шарахь Норильскехь Толаман Де даздечу дийнахь хьуо а оьккхуьйтуш, терроран тохар де бохуш хилла цо.

2019-чу шарахь дуьйна шен доьзалца Норильскехь вехаш хилла Висаев Апти, гIаттамхойн тобанехь хилла ву аьлла, цигахь хан токхуш вара. 14 шой цхьайтта буттий хан тоьхнера цунна набахтехь даккха.

2021-чу шарахь шен хIусамненаца Iайшица а, шайн пхеа бераца а Пятигорске веанера иза. Ша новкъавалале хьалха Висаевс кхочушдина хиллера, набахтера аравоккхучу заманчохь кхело шена тIедехкина хилла декхарш, дийцина бакъонашларъяран "Мемориал" центре Висаева Iайшас. Цо дийцарехь, Пятигорске баха хIорш новкъабовлале хьалха зуламаш толлучу декъан белхахочо кхерамаш туьйсура цуьнан хIусамдена.

Минеральные Воды гIала схьакхаьчча, бухахь полисхой хиллера. Шен доьзалца цхьаьна полицин декъе дIавигинера Висаев, цигахь хеттарш а дина, дIахецнера.

Охан-беттан 22-чохь Висаевга телефон тоьхнера Пятигорскерчу полицин декъан белхахочо, цунна тIехь Iуналла дан векал винчо, дехар динера маса тIевола аьлла. Такси чуьра Апти а, Iайша а охьа ма доьси, лаьцнера и шиъ, цул тIаьхьа цара мехах лаьцначу хIусаме дIабигина, масаьргара а телефонаш а, банкан картанаш а дIадаьхнера, дийцина Висаевас.

Цо дуьйцу, цхьахволчу полисхочо шена кхерамаш тийсарх "14 шо даьлча а набахтера аравер вац Апти хIинца, иза ларван оьшуш дац" бохуш.

Официалан версица, церан петарехь карийна ницкъхошна экстремистийн литература а, тапча а (Iайшас бахарехь, берийн тапча ю иза), мобилан гIирс (Iайшас дийцарехь, ноутбук а, мобилан телефон а), банкан картанаш а, оьккхуьйтург ен гIирс а (баьццара коьчал чохь йолу тIоьрмиг а, ялх патарма а). Багарбинчу гIирсах берийн тапчанаш а, ноутбук а, картанаш а бен дац церан.

ШолгIачу дийнахь Норильске вигира Висаев, цигахь бехкаш дехкира цунна террорхошна гIоьналла латтийна аьлла. Охан-беттан 24-чохь Норильск гIалин кхело иза лаьцна вуьтуш сацам бира.

Бехк тIелаца ала цуьнга бохуш, СИЗО-хь шена тIеIаткъам бира бохуш дуьйцу Висаевн зудчо.

Висаевс чIагIдо, ша латточу Норильскерчу номер 4 йолчу СИЗО-хь шена йиттира аьлла, теракт кечдеш хьуо вара алий мукIарло де бохуш, яздо "Мемориало". Висаевс бехкаш тIе ца дуьту.

  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG