ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терка чу вахначу кхиазхочун дакъа схьакарийна Нохчийчохь


Нохчийчуьра Терк
Нохчийчуьра Терк

Масех де хьалха Неврехь охьадогIучу Терк хи чу вахначу кIентан дакъа схьакарийна, иза лийчинчу меттигна 3-4 чакхарма дехьа, хаам бина Новости агенталлана Нохчийчуьрчу орцан министралло. Урхаллан информацица, кхиазхо лаха араваьллера 256 стаг, шайлахь махкарчу орцан а, чоьхьарчу гIуллакхийн а министраллийн волонтераш а болуш, иштта тIеоьзнера 5 техника а, нека ден 6 гIирс а.

"Карарчу беттан 13-чу дийнахь Невран йистехь Терка чу ваханера и кхиазхо. Цуьнца цхьана хиллачу доттагIчун ницкъ ца тоьънера цунна орцах вала, ткъа баккхийчарех уллохь цхьа а ца хиллера", - яздина хаамехь.

Карладоккху, Маршо Радимоно яздира, Нохчийчохь Невран-кIоштахь Терка чу вахначу 15 шо долчу къиазхочух лаьцна. Мехкан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис талла долийна и гIуллакх аьлла, дIахьединера прокуратуран пресс-гIуллакххоша, Regnum агенталлан информацица.

Талламан комитетан лараршца, кху шеран Стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна хIра 5-гIа метттиг бу, луьйчучу заманчохь бер делла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG