ТIекхочийла долу линкаш

ДIадахначу кIирандийнахь Дагестанерчу ницкъаллин структураша дIакхайкхийра, Малхбалерчу Нохчийчоьнца дозанехь лаьттачу масех кIоштахь шаьш контртерроран операци дIаяхьа лерина хиларх.

Хьалхо Кавказ.Реалии портало Iорадаьккхинера, полисхоша Хасу-Юьртан, Кизил-Юьртан, Казбекан кIошташкахь гIаттамхой а, церан агIончаш а лоьху аьлла.

Контртерроран операцин раж хIотторан сацам Дагестанерчу Оперативан Штабо тIеэцна.

Операци дIахьочу юкъанна, билгалъяьхначу кIошташкахь цхьамогIа бехкамаш хир бу дIасавахарца.

Дуккха а шерашкахь дуьйцу Хасу-Юьртахь герзаца исламхоша къайлаха латточу дуьхьалонех.

Меттигерчу "ауховн тобан" лидер Зайнулабидов Сулейман (иза вийна 2015-чу шарахь), нохчийн тIеман буьйранчашлахь дуьххьара "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна тешаме хила дуй биинчех ву.

И тоба йоцург, Хасу-Юьртахь йийцаре еш ю кхин а ши тоба яра, къоман билгалонашца къаста а еш: "Хасу-Юьртан", "Казбекан" цIераш лелош.

Хьалхарчу тобан декъашхой-нохчий бара, шолгIачу тобанахь бара суьлий. Оцу шина тобано уллера зIенаш латторо, меттигерчу полисхойн даима синтем бохабора.

Даханчу шеран гурахь къайлахчу сервисийн аьтто белира цхьана тобан лидер Махмудов Марат вен.

"Федералан центрера ахча даккхархьама, полисхоша махкахь кхерам совбаьлла сурт хIоттадо".

Хасу-Юьртарчу бахархоша Кавказ.Реаалии-н журналисте дийцира, шайн кIоштахь контртерроран операцин раж хIотторо шаьш холчу ца хIиттийна аьлла.

Цхьана а кепара хийцамаш бац, раж хIоттийнехь а, кехаташка а хьовсий, кхин хеттарш ца деш, дIавохуьйту полисхоша аьлла, хаийтина цхьана вахархочо.

Цо чIагIдарехь, цу кепара операцеш дукхахьолахь, бутт бовш йолайо, "федералан центрера ахча даккхархьама, полисхоша махкахь кхерам совбаьлла хиларан сурт хIоттадо".

Дукха хан йоццуш, Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана элира: "Уггарк а боккха кхиам бу тхан, Дагестанехь массо а терроран тобанаш хIаллакйина хилар…", аьлла.

Ткъа Хасу-Юьртахь а, гонахарчу кIошташкахь а контртерроран операцин раж кхайкхоро тоьшалла до, махкахь гIаттамхойн тобанаш хиларан. Амма хьенан байракх кIел ю уьш тахана: "Кавказ Имаратан" я "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан, къасто хало ду.

XS
SM
MD
LG