Лаккхарчу Москохара цхьана доьшийлан студент йолу Дерябина Дарья Соьлж-гIалахь лаьцнера меттигерау полисхоша. Официала хьосташа хIета баржийначу хаамашца, цкъа а Нохчийчохь хьов, Кавказехь а хилла йоцу и йоI, кхузахь вевзаш стаг а воцуш, еана хилла, доккха зулам дан.
Ленин кIоштарчу цхьана хьешан хIусамехь шен цIарах чоь лаьцна йолу иза, лууш хилла боху, ша а леш, эккхийтар дан. Цуо ша дийцарехь, Москох цунна цхьана зудчо хьехна хилла, Iожалхо хила лууш елахь, Нохчийчу яхча, цигахь муьлххачу а стага и хIума хьоьхур ду хьуна, аьлла.
Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран Алханов Русланан а дийзира цу хьокъехь журналисташца къамел дан. Иза ша а цецваьлла вара, Iожалхой а, могIарера тIемалой а кечбеш йолу базанаш Нохчийчохь, тоххарехь хIаллакх йинийла, хууш ца хиларна.
Цхьаболчу тергамхоша оцу кепара кхоллаелла йолу ситуаци, тIаьхьало ю аьлла хета, тахана а, Нохчийчоь цIанъелла ца хилар, шен йоккхуш хилчу вуочу цIарах. И хилам провокации яц аьлла хеташ, кIезиг бу хIинца а.
Иза ишшта хилла мегаш хилар даре деш санна, дIабаьхьна оцу гIуллакхан бина хилла таллам. Лаьцначул тIаьхьа и йоI Москоха дIайигира нохчийн полисхоша. Цигахь, къайлахчу сервисан талламхоша цуьнца болх бича, цуьнан цхьа а бехк бац, цуьнга Нохчийчу а яхана Iожалхо хила аьлла, хьехам бина йолу зуда мила хилла, къасто аьтто ца баьлла аьлла, иза дIахецна.
ХIинца, дийцарехь, иза шен цIахь ю, гергарчеран Iуналлехь.
Москохара 19 шо долу оьрсийн яхархо Нохчийчохь Iожалхо хила лууш лаьцна аьлла, хаамийн гIирсаша дукха сиха даржийча, меттигера цхьаболу юккъаралхойн шеко кхоллаелира, и хIума цхьа провокаци хила мегаш ду аьлла.
Дерябина Дарья,низамхоша дукха лерина тергонехь латточу Нохчийчу яр а, тамашийна хета царна. Нохчийчоьнан бакъонашларъярхойн центран куьйгалхочуьнна Эжиев Минкаилаан хетарехь и хIума цхьаболчу ницкъаша, бозбуунчалла а дина, чекх ца даккхаделла. Цуьнга хаьттича, и гIуллакх ишта дIатесина а ца дуьтуш, цуьнан бухе кхаччалц, талла дезаш дара нохчийн низамхоша.
Эжиев Минкаил: Оцу юкъахь гучудолуш дерг ду, Нохчийчохь хIокху тIаьххьарчу хенахь, де мел долу, цхьа (синтеме) сурт дIа а хуттуш, адам даха лууш, дIадоьдуш долун дела, хьалхалера сурт кху чу дало, цхьаболчу наха лелош хIума дуй те, аьлла хета тхуна.
ХIунда аьлча, Москвара дуьйна схьа а еъна, хьанна тIе йогIу а ца хууш, хIун бахьана ду а ца хууш, хьешан цIийнехь охьа а хиина, я цхьамо яийтина ю те иза, цхьа зулам дан, боху ойла кхолалло хьан. Москва юха дIакхаьчначул тIаьхьа, цхьа а бехк бац аьлла, юха иза дIахецча,ойла ма йой ахь хIуманна.
ХIуьттаренна лелош хIуманаш дуй те уьш, хIокху чохь долу хIара хьал, дIанислуш ца дезачу наха лелош? Вайна ца гуш болу цхьа ницкъ буй теша и хIума лелош? Цундела оцу хIуманашна тIаьхь сема хила беза Нохчийчохь мел берш.
Кху чуьра 1999-чу а, 2000-чу шерашкахь хилла долу хIуманаш гинчу нахана мел лазаме хилла, хаьа вайна. Цундела мегар дац Нохчийчохь и хIума леладайта. Лерина цхьаъ ваийтина велахь, оцу орамна тIекхаччалц, талла деза и хIума. Ловзарш мегар дац Нохчийчохь леладайта. И хан дIаяьлла.
Радио Маршо: ХIинцалц, оьрсийн бехктакхаман системано, терроран тIегIан тIехь долу гIуллакхаш, талламо кхачам болуш тоьшаллийн база ца лушшехь, тIех сов къизаллица хенаш кхайкхайора.
Масала 2006-чу шарахь, Москох лелхийтарш дан меттигера зудаберашна хьехамаш беш хилла аьлла, 9 шо а тоьхна, чу йоьллира Нохчийчура яхархо Муртазалиева Зараъ. И гIуллакх, бозбуунчаллашна тIехь а, дан тоьшалла доцчу буха тIехь а хIоттийна хилар даре деш дара, оьрсийн дукха бакъонашларъярхоша.
Ала догIу, дукха хан йоццуш, Оьрсийчоьнан оппозицино, политикан бахьанашца набахтешкахь латточу нехан хIоттийначу цIейозанна тIехь а ю оцу 27 шо долчу нохчийн йоьIан цIе. Оьрсийн бехктакхаман низаман тIехь 25 артикал ю, дан Iалашо хиллачу зуламах жоп доьхуш йолу.
Гарехь, Москохара леррина Соьлжа-гIала а еана, Iожалхо хила лиинчу Дерябина Дарьина хьокъехь болх бечух тера дац оцу артикло. Амма иза нохчий хиллехьара и гIуллакх муха доьрзур дара, хууш ду.