ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроран тохарш дан а, керла тIом болабала а болчу кхерамца. Стенна ца оьшу Кавказе ваха?


Канадин арахьарчу гIуллакхийн министралло Дечкен-беттан юккъехь шайн бахархошна дIахьедина, Кавказе цабахар тоьлу царна, аьлла. И тайпа хьехам бира наханна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Австралин а, Британин а, Ирландин а, Керлачу Зеландин а арахьарчу гIуллакхийн министраллаша. ХIун ду Малхбузерчу туристашна оццул новкъарло йийриг, теллира Кавказ.Реалиино.

Канадин арахьарчу гIуллакхин министралло Дечкен-беттан 16-чохь карлабаьккхина ша Оьрсийчоьнан цхьацца регионашка цалелар шайн бахархошка доьхуш хьалхо бина хилла кхайкхам.

Канадахошна баха цамагочех бу Ростов-мохк – цигара гена яц тIеман кхерам тIехь лаьтта Донбасс, сахьт дац Оьрсийчоьнан эскарш Украинан дозанаш хадон а. ГIебарт-Балкхаройчу, Къилбаседа ХIирийчу, Кхарачой-Чергазийчу Канадин бахархошна лела ца магадо Гуьржийчоьнан дозанехь хьал гIоьртина лаьтташ хиларна. Ткъа Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь, Ставропол-махкахь даима а беха, боху терроризман кхерам.

"Нагахь санна шу карарчу хенахь оцу мехкехь цхьаьнхьа делахь, шуна цигара дIадовлар тоьлу. Канадин Москварчу векалтан шуна гIодан йолу таро ледара ю я янне а яц", – боху Канадин политикан урхалло ша арахецначу документехь.

Оьрсийчоьнан регионашка лела стенна ца мега минитсралло хоуьйту шен сайтерчу "Iалашдалар а, кхерам а" цIе йолчу декъехь. Украинаца доза долу Ростов-мохк хьахош, урхалло боху, цигахь "алссам тIеман ницкъаш лаьтта". Хьехамо бахарехь, хьал "шен тIаьхьало евзаш йочу тIегIанехь ду, сиха хийцадала мега".

"Ма-хуьллу сема лела, шаьша нагахь санна оцу регионе ца кхаьчча ца довлуш нислахь, тIеман хьал хIотта а, шуна гIело ян а кхерам бу цигахь", – билгалдоккху Канадин арахьарчу гIуллакхийн министралло.

"Карнегин Фондан" геополитикехула а, кхерамзаллехула а волчу талламчига Строянски Пола Кавказ.Реалиина комментари луш, элира, ша кхетадо Украинаца доза долчу регионе нахе цабахар стенна доьху (Канадерчу а, муьлххачу а кхечу пачхьалкхерчу бахархойшка), цигахь аккъал а кхераме ду хьал, конфликте ерза тарло Оьрсийчоьнан, Украинан юкъаметтигаш.

Билгалдаккхар: ТIаьххьарчу беттанашкахь Оьрсийчоьно шен тIеман дакъош а, техника к Генарчу Малхбалера пачхьалкхан малхбузене дехьакхийсаро сагатдойту Киевга а, Американ Цхьанатоьхначу Штаташка а, Европан Цхьанакхетараллин пачхьалкхашка а. Радио Свободин а, СIТ-ан а талламо гайтарехь, эскарийн цхьа дакъа ду Чиллан-баттахь хуьлучу Iамаршка Беларусе доьлхуш, ткъа важа – еххачу ханна Украинерчу дозанашна герга. Вашингтоно дIахьедина, Оьрсийчоьнан цхьана салтичо Украинан доза хададахь, иза агресси лорур ю, Малхбузено боггIу мах хадор а бу цуьнан, аьлла.

Канадин арахьарчу гIуллакхийн министралло иштта кхераме лору шайн бахархошна Нохчийчу, ГIалгIайчу, Дагестане, Ставропол-мехкан Курской, Леквокумски, Степновски, Нефтекумски кIошташка бахар.

"Кест-кеста лелхарш до террорхоша-балархоша,хIоттийна Iалашо а йолуш, адамаш дойъу. Лелхаза йисина минаш, хIоьънаш нисло. Дахаран могIара сурт ду ахча даккхархьама адамаш идор", – боху документа тIехь.

Стронскис дийцарехь, массо а Малхбузено Къилбаседа Кавказ шайн кхетамехь дIатарйо Нохчийчоьнах.

"Оьрсийчоьно цкъачунна мел-мкха а делахь а, куьйга кIел латтайо Кавказ, амма кхеташ дац, стенна хета и кеп цигахь латториг Нохчийчоь ю", –цецвуьйла эксперт.

Гуьржийчоьнца долчу дозанехь хьал гIоьртина латтар а хьахийна Канадин дипломатин урхалло, ца магийна бахархошна ГIебарта-Балкхаройчу а, Кхарачой-Чергазийчу а, Къилбаседа ХIирийчу а лела.

"Цигахь тIеман операцеш нахана хоуьйтуш дIахьош а яц, цара а доьхку наханна дIасабаха цигашкахула. Азербайджане, Гуьржийчу боьлху некъаш къовлу юкъ-кара", – боху Канадин арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Ткъа карачу хенахь Гуьржийчоь ю шен чоьхьара политикан гIуллакхаш луьстуш, боху Стронскис.

Американ Цхьанатоьхначу Штатийн бахархошка: шуна  къаьсттина боккха цабезам дуьхьалбаккха тарло Нохчийчуьрчу Iедало

" Оьрсийчоьнца цхьа дипломатин юкъарло дац Гуьржичоьнан. 2019 шарера дуьйна схьа башха проблемаш а яц лаьтташ шина пачхьалкханна юкъахь. Ца хилла деш цигара схьа Оьрсийчоьнна дуьхьал, иза емалъеш дIахьедарш а", – иштта къастадо цо Гуьржийчуьра хьал.

" Карнегин Фондан" векална гарехь, Канадерчу документо бахархошна Къилбаседа ХIирийчу а, кхечу гонахарчу мехкашка а бахар доьхкуш тергоне оьцу Нохчийчохь хьал цхьабосса тийна дацар а, цигахь иза талхахь, кхечу регионашкахь а кхераме хирг хилар а.

Кхерамзалла шеца йоцу Кавказ

Шайн бахархошна Оьрсийчоьнан регионашка лелар доьхкарца пачхьалкхашлахь цхьалха яц Канада. Американ Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто а язйира Къилбаседа Кавказ шайн бахархошна 202I шарахь баха маьрша йоцчу регионийн декъа.

Оцу хьукматан сайта тIехь аьлла ду, "къепедацарш хила тарлуш йолу регион ю Къилбаседа Кавказ". Кхераме ю аьлла яздина Нохчийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIалгIайчоь, Дагестан, Ставропол-мохк, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь.

"Меттигерчу зуламхойн тобанаша идабо арахьара баьхкина нах, цигахь закъалтанна леца тарлучийн могIаршлахь бу Американ Цхьанатоьхначу Штатийн бахархой а. Цаьрна къаьсттина боккха цабезам дуьхьалбаккха тарло Нохчийчуьрчу Iедало", - боху документо.

Къилбаседа Кавказе кхаьчначу шен бахархошна гIодойла дац, билгалдоккху дехкаро. Стронскина хетарехь, иза ду Оьрсийчу баха бахархошна цамагоран кхоьрта бахьана: дипломатин миссеш лахлуш хиларо некъ ца буту Малхбузерчу мехкийн векалташна, эшна меттиг еъча, шайн бахархошна гIо тIекхачо.

Террорхоша талораш латтийна Оьрсийчоьнан гIаланашкахь, шайлахь Москва, Петербург а йолуш

Австралин арахьарчу гIуллакхийн а, йохк-эцаран а минимтралло а дихкира ГIуран-беттан I0-чохь шайн бахархошна Къилбаседа Кавказе баха, цигахь "терроризм, политикан хьал бахаьнехь, къепе талха кхерам хиларна".

"Террорхоша талораш латтийна Оьрсийчоьнан гIаланашкахь, шайлахь Москва, Петербург а йолуш. Керла тIелетарш дан тарло, къаьсттина Къилбаседа Кавказан мехкашкахь а, гуьржийн-оьрсийн дозанехь а", – боху Австралин арахьарчу гIуллакхийн мнистралло шен сайтехула.

Керлачу Зеландино оццу маьIнехь шен кхайкхам баржийра ГIуран-беттан 15-чохь арахьарчу гIуллакхийн министраллехула. Цо а боху, "къаьсттина лакхара бу терроран кхерам хьал тийна доцчу Къилбаседа Кавказан федералан гонехь".

"Керлачу Зеландин бахархошна хаа деза, Къилбаседа Кавказехь къепедацарш кхуьъушехь лакхаболу террораш ерриг а Оьрсийчухула яржаран кхерам", – боху дIахьедаро.

Дечкен-беттан 14-чохь ша хьалха баржийна кхайкхам карлабаьккхира Британин арахьарчу гIуллакхийн министралло. Цо а хIиттайо Къилбаседа Кавказера республикаш шен бахархошна баха кхераме лоручу мехкийн могIара.

И тайпа кхайкхам Дечкен-беттан 17-чохь Ирландин арахьарчу гIуллакхийн а, йохк-эцаран а министралло а баьккхина карла.

"Къилбаседа Кавказехь хьал гIоьртина хилар тергоне а дуьллуш, оха кхойкху шуьга Нохчийчу, ГIалгIайчу, Дагестане, Ставропол-мехкан Курской а, Леквокумски а, Степновски а, Нефтекумски а кIошташка ца дахар", – боху хьукматан сайто.

Кризис хIоьттича даима а хьехна кхуза цалелар: хуьлда иза 1990-чу шерашкахь я 2000-гIа шераш дуьйлалуш

Политолога Леков Русланна ца хета лакхахь бовзийтинчу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраллаша шайн бахархошка бечу кхайкхамаша Къилбаседа Каквказерчу туризманна новкъарло йийр ю аьлла.

"Ирландин я Канадин вахархо Къилбаседа Кавказехь ишта адацара наггахь гойла а. Уьш баьхкина нисбелча, бухахрчу бахархоша боккхачу ларамца тIеоьцу. Ирландино иштта аьллера аьлла, вагонашкахь нах юхахьовдур бу кхузара бохург бакъ дац", - тешна ву Леков.

Иза теша Австралин, Британии, Канадин, Американ Цхьанатоьхначу Штатийн, Керлачу Зеландин бахархошка бина кхайкхамаш сов ехачу хенах боьзна цахиларх.

"Кавказ – иза чолхе регион ю. Кризис хIоьттича даима а хьехна кхуза цалелар: хуьлда иза 1990-чу шерашкахь я 2000-гIа шераш дуьйлалуш. Керлачу кхайкхамаша регионан васт талхадо аьлла ца хета суна", - элира Леков Руслана.

Стронскина хетарехь, Австралин, Британии, Канадин, Американ Цхьанатоьхначу Штатийн, Керлачу Зеландин бахархошка иштта кхайкхамаш баржлш белахь, къайлахчу сервисаша теллина хьал. Амма иза баккъал а иштта хилча, Германи а, Франци а хIуттур яра шайн бахархошка Къиблбаседа Кавказе ма лела баха, амма цара цкъачунна ца бина и тайпа кхайкхам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG