Къобалъянзачу Ичкерин премьер-министр Закаев Ахьмад террорхойн юкъаралла кхолларна бехкево. Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна ютубе хIоттийначу видеона тIехула.
Ичкерин тIеман ницкъийн батальон кхолларх лаьцна видео товбеца-баттахь арахецнера. Цигахь Закаевс дIахьедира, тIеман вовшахтохар Украинан ТIеман ницкъийн арахьарчу легионан декъехь хирг хиларх. Оцу батальонан буьйранча, цо бахарехь, Зумсо Хьажи-Мурад цIе йоккху стаг хIоттор ву, амма Baza телеграмерчу канало цунах Юсупов Мурад олу.
Аьхкенан чакхенехь оцу видео тIе тидам бахийтира ФСБ-н, а"Э" цетрера а ницкъахоша, чIагIдо Baza хьостано. ХIинца Закаевна а, Юсуповна а 15 шарера 20 шаре кхачалц хан тоха мега, нагахь санна уьш дIалацахь.
Оьрсийн Талламан комитетан сайтехь дийнахь 14:00 сахьт даьлча Закаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долорах лаьцна хаамаш дац.
2001-чу шарахь оьрсийн Iедло Закаевгара терроризм лелорна, маьрша нах байъарна бехкбаьккхира, дуьненаюкъарчу лехамашка а велира. Ши шо даьлча Лондонан магистралан кхел дуьхьал хилира иза Москвана дIавала, хIунда аьлча Великобританино цунна политикан тховкIело елла хиларна.
- Хьалхо Закаев Ахьмада украинхойн "Зеркало" зорбанна еллачу интервьюхь дIахьедира, Оьрсийчоь Украинерчу тIамехь эшначул тIаьхьа Нохчийчоь масех дийнахь йозуш цахиларе кхочур ю.
- Иштта товбеца-баттахь Украинан байракхна кIелахь тIомбеш йолчу батальонашкара эскархоша дIахьедира, Нохчийчуьрчу Кадыровн ражна дуьхьал герзаца болу къайлаха болам кхолла кийча ду шаьш.
- Стигалкъекъа-баттахь Киевехь хилира Закаев, цигахь цхьанакхетарш хилира цуьнан парламентехь, Украинан президентан администрацихь, бевзачу пачхьалкхан политикашца а. Дийцаредира иштта Оьрсийчоьнца болчу тIамехь нохчаша дакъалацар а. Цул тIаьхьа дIакхайкхийра, Украинехь Ичкерин консул хIотторах – иза ву Шулипа Юрий. Цул тIаьхьа "Маьршачу Кавказехьа" вовшахкхетаралло Лакхарчу Раде проект кховдийра, Ичкерин йозуш цахилар къобалдар доьхуш.
- Украинерчу тIамехь дакъалоцуш болчу нохчашка Закаев Ахьмад ве аьлла кхайкхамбира хьалхо Кадыров Рамзана. И дан аьтто баьллачунна политико маршо а, хьал долу дахар а хьехна.