ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхойн тептаре ваьккхина нохчийн суьдхочун Янгулбаевн кIант


Янгулбаев Ибрагим

Янгулбаев ИбрахIим – Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан хиллачу суьдхочун Янгулбаев Сайдин а, полисхочунна тIелетта аьлла, бехкейина, лаьцна латтош йолчу Мусаева Заремин а кIант, террорхойн а, экстремистийн а тептаре вазвина Росфинмониторинго.

27 шо долу Янгулбаев ИбрахIим 11741-чу номерца вавьккхина тептаре.

Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Янгулбаевс билгалдаьккхира, "Iедална дуьхьал дош олуш волу муьлхха а хила йиш ю оцу тептарехь".

Оцу юкъанна къамел динчо къастийра, ша дозанал арахьа вехаш хилар а, дуьхьал даьхначу дозанаша шена цхьана а агIор Iаткъам бийриг цахилар а.

"Карарчу хенахь суна хала ду ала, Росфинмониторинго тептаре вазвар кхелехь ас къовсур ду йа дац, уггар хьалха практика талла а теллина, юристех дага вала веза", - тIетоьхна Янгулбаевс.

Росфинмониторинго тептаре ваккхаран тIаьхьалонех дийцира информацин-аналитикан "Сова" (Оьрсийчохь "арахьарчу агентийн" реестре яьккхина, организаци цунна реза яц. - -Редакцин билгалдаккхар.) центран эксперто Кравченко Марияс: "Цуьнан фигуранташна дихкина ду, органашкара пурба доцуш 10 эзар соьмел сов ахча шен чоьта тIера схьаэца. Кхиндолчунна блок тухуш ю".

Вежарий ЯнгулбаевгIар бехке лоруш бу нохчийн полисхоша оппозицин 1АДАТ телеграм-канал кхолларна а, цунна модераци лелорна а. Оцу каналехь материалаш зорбане яхарна диллинчу бехкзуламан гIуллакхан гурашкахь лаца кхайкхийна ву Янгулбаев ИбрахIим.

  • Дечкен-беттан 20-чохь Нижний Новгородерчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран да-нана дехачу петаре чулилхинера Нохчийчуьрчу МВД-н белхахой, цара бертаза Соьлжа-ГIала дIайигира цуьнан нана Мусаева Зарема, теше санна хеттарш дан юьгу аьлла. Дуьххьара чохь даккха I5 дей-буьйсий туьйхира цунна, полисхо сийсазвина аьлла, тIаьхьо бехктакхаман гIуллакх диллира – протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.
  • Адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх а, коллективан жоьпалла тIедожорах а хаамаш бира дуьненаюкъарчу организацеша, масала, Amnesty International. Иштта дIахьедира цунах Европан союзо, Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейно, США-н пачхьалкхан департаменто а.

ОЬРСИЙЧОХЬ ДIАКЪЕВЛИНА КАВКАЗ.РЕАЛИИ САЙТ. ЕША САЙТ КХУЗАХЬ

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG