ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхойн тептарера "Талибан" дIаяккха гIертарх дIахьедина Путина


Путин Владимир
Путин Владимир

Дискуссин "Валдай" клубан сессихь вистхуьлучу заманчохь президенто Путин Владимира дIахьедина, йихкинчу террорхойн юкъараллийн тептарера "Талибан" болам дIабаккха хьийзар ю Оьрсийчоь аьлла. Оцу юкъанна президенто билгалдаьккхина, уггар а хьалха и дан дезарг Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин (ООН) Кхерамзаллин Кхеташо ю аьлла.

Дуьненан дуккхаъчу мехкашкахь, иштта, Оьрсийчохь а цхьаьна террорхойн леринчу радикалан "Талибан" тобано тIом а ца беш, дIаяьккхира Афганистанан коьрта шахьар Кабул. Президенто ГIани Ашрафа дIатесира пачхьалкх махкахь цIий Iанарна кхоьруш. Йоллу Афганистан бохург санна тIалибийн куьйгакIел йисира.

Малхбузен пачхьалкхаша радикалан боламан Iедал къобал ца до. Официалехула болам тIе а ца лоцуш, кест-кеста Оьрсийчоьнан Iедалхойн цхьанакхетарш хуьлу тIалибашца, Москвахь царна хьошалла а латтош. Царех цхьахдолу вовшахкхетар хилира кху деношкахь: "Талибанан" делегаци тIеийцира арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Цо билгалдаьккхира, Афганистанан керлачу Iедалхошца юкъарлонаш лелон дезарх, дуьненаюкъарчу майданахь церан статус мухха елахь а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG