Аджаматов Алиханна, Дагестанеру лоьранна, Москвахь 17 шо набахтехь такха кхайкхийна. ШолгIачу Малхбаленан тIеман кхело иза бехкевина терроризманна финансашца аьтто бен некъ билларна – тоьшалле дехкина къайлаваьккхинчу стеган дареш.
Юьхьанца Аджаматов бехкевора терроризманна финансаш гулъеш "дакъалацарна". Амма таллам боьдучу юкъанна бехк кхин а базбина, цо низамехь йоцу "организаци" кхоллар билгал а доккхуш. Талламчаша терроризманна гIодарца дузу банкехула 2015 шарахь дIахьежийна ахча. Ткъа Аджиматов ультра-лестамийн диагностика лелош вара хIетахь Москварчу дарбан хIусамашкахь.
Цо шен дарешкахь бахарехь (редакцехь ю талламчийн хеттамийн копи), цунна вевзачу цхьана накъоста, Мисарара молханаш а оьцуш, уьш Оьрсийчу хьежо бартбина хилла цуьнца. Оцу гIуллакхна цо хьехна Аджаматовна вевзаш воцчу цхьана накъостца - Ахмедов Парвизца – юкъарло латтор. Лор реза хилла, 500 эзар сом диллина оцу бизнесна юкъа. Ахчанах 400 эзар сом цо ша кара дIаделла (хьаьнгахула дIахьажийна цунна дага ца догIу), ткъа банкехула Ахмедовга дIакхачийна 85 эзар сом. И бакехула дIадахана ахча ду цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдан низамхошна бахьана делларг. Лоьран зудчо Абдурахманова Забирас дийцарехь, эха шарахь молханаш оьцуш лелла Аджаматов. Уьш юхадохка баьккхина некъ а хилла къайлах лелош.
Талламо чIагIдарехь, 2015 шарахь Аджаматовс терроран тобан – ДАIИШ-ан – хьашташна дIахьажийна 85 эзар 100 сом. Бехктакхаман гIуллакх гIаттийна Аджаматовна дуьхьал Ахмедов Парваза динчу тоьшаллийн буха тIехь. Ша Парвазов къерахилла терроризманна ахча латторах, набахти токхуш ву 17 шарна. Аджаматовна дуьхьал цуьнга дареш дайтира видео-зIенехула. Цо дийцира, ахча шега Мисарахь гепатитна дуьхьал долу молханаш эца хьежийна, аьлла, бохура ша хьалха дина тоьшалла харц ду, иза шегара Iехийна даьккхина.
Таллам дIабоьдучу муьрехь Ахмедовс динчу дареца а догIуш, цо йовзийтина Аджаматовна шена дагахь хууш йолу банкан картин ноьмар, ткъа вукхо цу тIе хьажийна дуьйцу ахча, тешо бахарехь, дуьйцу адвоката Алиев Самира, талламан документан довзуьйтуш.
"Кхелехь оха хаттар дира цуьнга: "Довзуьйтур дарий ахь Аджаматовн картин 16 терахь, айхьа иза талламчашна хьалха ма-дарра? " Ткъа цо делла жоп иштта дара: "Аш хIун дуьйцу? Суна сайн картин ноьмар а дага ца йогIу", – боху адвоката.
Ахчан бух болуш ду, гайталуш бу. Талламехь дацара цхьа а тоьшалла. Иза бехке вац
Прокуроран дехарца Ахмедовна кхело бина хилла сацам язбина Аджаматовн бехктакхаман бухе. Цунах коьрта бахьана хилла бехктIебахьархошна лор чуволла, боху Алиевс.
Цо дагалоьцу кхелехь лелла сурт:
"ХIоразза а прокуроро тергам тIеберзабора Ахмедовна духьал бинчу, низаме бирзинчу сацамна. Прокуроран а, кхелан а бух бу цунна тIетийжа. Ахмедовн бехк юхаталла безаш бацаре терра".
Терроризманна ахча латторан "организаци" кхоллар духьалдетта долийна къайлаха тоьшалла ден стаг девна юкъаваккхарца, боху Аджаматовн зудчо.
"Къайлахчу тешо дуьйцу шена 2015 шарахь иза маьждигехь вайра, цо шега терроризманна ахча вовшахтохар дийхира. Маьждигера араваьлча Аджаматовс терроризманна ахча латтора лаьцна телефонехула цхьаьнца къамел дира, боху. Кхин цхьа даре а дац. И къайлаха теш талламчин доттагI хила а мега. Я ша талламча хила а тарло, милла а хуьлийла ду", – дуьйцу Абдурахмановас.
Терроризманна финансаш вовшахтохар ду, талламна гарехь, Аджаматовга ахчанаш хьийсор, цо уьш терроран жигархошка дIадахьийтар. Цуьнга ахчанаш хьийсийначаралахь бу гергарнаш а, бевзаш берш а. Ткъа адвоката дийцарехь, ахча дIасахьийсор лелаш болчу дахаран аьттонех дерг ду.
"Массо а ахчан дIасахьийсораш бух болуш ду, гайталуш бу. Талламехь дацара цхьа а тоьшалла. Иза бехке вац", – чIагIдо Аджаматовн цIийннанас.
Тешашна тIеIаткъам бина
Аджаматовн гIуллакх дIахьочу талламчаша тIеIаткъам барца даьхна тешашкара дареш, дуьйцу адвоката Алиевс.
"Дареш дIаделлачул тIаьхьа цхьаъ ларвеш лаьттара видео-зIе дIаяьхьначу кхелан неIаршкахь оперативан белхахой. Важа Талламан комитете даре даха вигира официалехь кехат а хьажийна", – масалш даладо адвоката.
Лебинчех цхьаболучаьрга кхел йирзинчул тIаьхьа, "низам дохор магош дац" боху кехаташ караделла. Прокуратуро ша кехаташ дIасадоькъу нах кхерабо, уьш тешаш бу, шаьш а терроризманна ахча латторна бехке хила а мега, бохуш.
"Низаман хьукматаш декхаре ю зулам талла, нагахь санна иза дина аьлла хаам кхаьчнехь. Амма ас хоьтту, шина шарахь хIун деш Iийна уьш? Кхелехь лебешшехь, хьийсо долийна тешашка и кехаташ, цаьрга телефонаш еттар. Царна кхерам ца тийсина, амма тIеIаткъам бина. И болх муха вовшахтоьхна – кхеташ дац. Бехкталламан кодексехь къастош ду иза нийса дацар – уьш шаьш баха тарлора оцу хьокъехь йолчу артиклна кIел", – элра адвоката Алиев Самира.
Хьалхо Дагестанерчу журналиста Бабаев Романа дийцира тIеIаткъам барх лаьцна – иза а ву Аджаматовн девнехь теш санна декъаозийна. Полисхоша кеманара охьавуссуш кхаьчна иза волчу, Москва тоьшалла дан кхайкхича, кеманара охьавуссуш дуьхьалбаьхкина цунна полисхой. Шайн белхан цIийне а а вигина, кхаамма къамел дина цуьнца. Бабаевс бахарехь, цунна дуьхьа а айбийр бу бехктакхам, нагахь санна "оьшшу" тоьшалла цо ца дахь, баьхна цуьнга.
Массарна а "товш болу сацам" кхайкхор бу кхело, аьлла хетара авокаташна. Масала, бакъдийр дац аьлла хетара терроризманна ахча латто "организаци" кхоьллина бохург.
"Бакъдерг ала деза, тхуна дагахь дацара сацам иштта хир бу аьлла. И санначу девнаш дуккхаза а хиллачу тхуна, адвокаташна, компромисс йолуш хир бу сацам аьлла хеттера. Иза хила тарлуш яра цигахь. Амма иза ца хили, халахеташ делахь а. Кхело болх бан некъ лора тхуна – иза ю прарадокс. Цо прцессуалан массо а низам кхочушдора, тхоьгахь сатийсам бара кхузахь кхин сацам хазаре, амма ца моьттура иштта хир ду", - элира дагахьбаллам хиллачу адвоката.
Шена набахтехь даккха тоьхначу 17 шарах луьрачу хьелашкахь токхур ду Аджаматовс 4 шо. Адвокаташ юхаталлийта лерина бу цуьнан дов.