ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмана ахча латторна бехкебийраш лаьцна ГIалгIайчохь


Иллюстративное фото
Иллюстративное фото

ФСБ-но, МВД-но ГIалгIайчохь терроризмана гIо латторна бехкебийраш дIалоьцуш операци дIаяьхьна. Ницкъахоша бахарехь, гIоьналлин ахча гулош хьийзина уьш хьехамчана Ахмеднабиев Исраилна, иза Оьрсийчохь магийна йоцчу "Исламан пачхьалкхаца" воьзна хета низамхошна.

Newstracker зорбано шен хьасташна тIе а тевжаш хаамбо, кхо стаг дIалацарх, амма ши цIе бен ца йоккху цара – Картоев Тимирлан, Дербичев Хаваж а. Лаьцначарна бехкбаккхар дIакхайкхор а гойтуш, арахецначу видео тIаьхь гуш верг а вац ши стаг бен.

Хьостан хаамашца, лаьцнарш а, иштта кхин цхьа стаг а, Туркойчохь вехачу, товбеца-баттахь шена дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхина волчу Картоевс а кIелхIоттийначу нехан банкан карташка ахчаш гулош хилла. ТIаккха и ахча кехатийн кепе а доккхуш, цунах арахьара валюта а оьцуш, жим-жима Оьрсийчуьра арадоккхуш хилла, деклараци ца еш арадаккха магийна долчу барамашкахь.

ДIалацар гойтучу видео тIаьхь гойту цара гулдина бохуш долчу ахчийн берриг барам – 27,5 млн гергга сом.

Саситлинский Абу Iумар санна вевзаш волу Ахмеднабиев Исраил – дагестанхойн Ново-Саситли эвлара схьаваьлла бусулбачийн хьехамча ву. Африкехь гIунаш ахка ахча гулош "Ансар" фонд йиллина цо. "Исламан пачхьалкхана" ахча латторна бехкейо Оьрсийчохь и фонд. Цул сов, ницкъахоша бахарехь, "Исламан пачхьалкхана" финансаш латтийна ю бохуш бехкееш йолу гIоьналлин "Мухаджирун" фонд кхоьллинарг а хета Ахмеднабиев. Иза лехамашкахь ву.

  • Саситлинский Абу Iумарца зIе хила мега аьлла кхел еш ю дагестанхойн "Черновик" газетан журналистана Гаджиев Абдулмуминна. Талламан версица, газетан агIонашкахь материалаш зорбане а йохуш, гIоьналла латтош ду бохуш, суьрташ а хIиттош, терроризмна ахчанаш гулдеш хилла боху цара. Гаджиевца цхьаьна бехкебечийн гIанта тIехь ву гIоьналлин "Ансар" фондан куьйгалхо Ризванов Абубакар а, программист Тамбиев Кемал а.
  • Бехкебечара а, церан адвокаташа а масийттаза дIахьедира оцу гIуллакхехь тоьшаллаш ца хилар, тешаш масийттаза дIатоссура шаьш елла кийтарлонаш, тIаккха талламан коьрта тешаш къайлабаьхьна бу, шайга кхелехь деллачу хаттарна жоп а ца далалуш. "Мемориал" бакъоларъяран центро Гаджиев политикан тутмакх лаьрра.
  • Товбеца-беттан 20-хь ФСБ-но а, МВД-но а дIахьедира, шаьш Астраханан кIоштахь террорхойн вовшахкхетаралла лаьцна, аьлла – ницкъахоша бахарехь, Ахмеднабиев Исраилна а, Таджикистанерчу блогерна Шами Фарухна а гIо латтош хилла цара.
  • Стигалкъекъа-беттан 30-хь Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан тIеман кхело яккхийра хенаш а тоьхна, набахте хьажийра ГIебарта-Балкхаройчуьра йиша-ваша Лианна а, Аскербия а ХамуковгIар. Террорхойн вовшакхетараллина юккъехь дакъа лацарна а, терроризмана ахча латторна а, шен декъехь Ахмеднабиевна ахча а хьежош, аьлла бехкебира уьш.
  • Стигалкъекъа-беттан 27-хь Ростован махкарчу Къилбан тIеман кхело Хасбулатов ИбрахIим бехкевира терроран гIуллакхашна гIо латторна. "Мухаджирун" фондана 10 эзар сом хьажорна бехке а вина, 5,5 шо хан туьйхира цунна чолхечу рожан колонехь даккха.
  • 2020-чу шарахь Къилбаседа ХIирийчуьрчу Гуев Георгийна колонехь даккха ялх шо хан туьйхира террорхошна ахча латторна бехке а вина. "Мухаджирун" фондана ахча хьежорна бехкевира иза. Ша Гуевс бахарехь, кIезга ахчанаш хьежийра цо "Дийна дог" цIе йолчу кхечу фонде – Африкехь молуш долчу хин къоьллийца къийсам латторан программаш лелайо цо. Хан тоьхнарг политикан тутмакх ву элира бакъоларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG