ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмана бехкебина Нальчикехь байъинчарна дуьхьал кхаа артиклехь гIуллакх долиийна


ГIебарта-Балкхаройчохь дIахьон КТО. НАК-н видео йукъара скриншот. 2024-чу шеран охан-беттан 11-гIа
ГIебарта-Балкхаройчохь дIахьон КТО. НАК-н видео йукъара скриншот. 2024-чу шеран охан-беттан 11-гIа

Охан-беттан 11-чохь Iуьйранна ГIебарта-Балкхаройчохь байъинчарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллина теракташ йан Iалашо хилла церан аьлла шеконаш гIевттина. Цунах лаьцна дIахьедина мехкан Талламан комитетан урхаллин пресс-сервисо.

ГIуллакх долийна кхаа артиклехула: бакъо йоцуш герз лелор, бакъо йоцуш оьккхуьйтург латторна, ницкъахойн дахарна тIекховдар. Официалан версица, полисхошна хиъна шеконаш йолчу шина стагах лаьцна, уьш хиллера Нальчик гIалина уллорчу бешлелорхойн "Насып" вовшахтохараллин дозана тIехь. Шайна карадуьйла аьлла дехар дича, дуьхьал герз детта буьйлабеллера уьш, байъина кхайкхийначу террорана дуьхьал операци дIахьош.

Дуьненаукъарчу террорхойн организацин декъашхой бара боху байъинарш, муьлхачу организацихь лаьттара уьш, Къоман антитерроран комитето (НАК) билгал ца даьккхина. Царах шеконаш хилла ГIебарта-Балкхаройчоьнан дозанаш тIехь "диверсин, терроран акташ" йан Iалашонаш хилла бохуш.

Ницкъахоша дIакхайкхийна герзаш диттинчу меттигехь оьккхуьйтург а, герз а карийна шайна аьлла. Зулам хиллачу меттигехь дIайазйина НАК-а зорбанашкахь йаржийначу видео тIехь гуш ду белхан машенна тIера хIоьънаша даьхна Iуьргаш. Схьагарехь, байъинарш йина йалазчу гIишлонан тховтIехь хьулбелла хилла. Ницкъахошлахь а, меттигерчу бахархошлахь а вийна-лазийна стаг вац.

  • "Насып" бешлелорхойн йукъаралла йоцург, КТО-н раж кхайкхийнера иштта 13 дозана тIехь: "Ветеран-1", "Дубки-1", "Дубки-2", "Каскад", "Мисхидж", "Намыс", "Нива-2", "Нива-3", "Нур", "Отдых", "Ошхамахо", "Поляна", "Сосруко". ТIаьхьо оцу дийннахь раж йухайаьккхира.
  • ХIинжа-ГIалахь а, Каспийскехь а кхайкхийнера КТО-н раж зазадокху-беттан 31-чохь, гIаттамхой бу бохурш спецназах бевдда масех петаршкахь дIатарбеллачул тIаьхьа.
  • Изза барам йукъабаьккхира ГIалгIайчохь а зазадокху-беттан йуьххьехь. ХIетахь къайлахчу сервисаша дIакъевлинера дукхазза тIекIелдинчу цIийнан йоьалгIа гIат, цу чуьра нах хьалххе арабаьхнера, гена йоцчу школехь дIа а тарбеш.
  • ГIаттамхошца масех сахьтехь тIом бира ФСБ-н оперативникаша, герзаш деттар сацийра сатосуш. Зазадокху-беттан 3-чу суьйранна мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас хаамбира, КТО йухайаьккхина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG