ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризм эшорах лаьцна Кадыровн дешнаш йуха аьлла МВД-н керлачу хьаькамо. Билггал долчуьнца бIостане ду и


Ирасханов Аслан а, Кадыров Рамзан а
Ирасханов Аслан а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министро Ирасханов Аслана дIахьедина, республикехь терроризм, экстремизм бухера дуьйна эшийна аьлла. Регионан куьйгалхо бахьана долуш хилла хIума ду и аьллачу министран дешнаш далийна махкара "Чечня Сегодня" сайто.

"Йуьйцург хIун экстремизм йу, Нохийчоьнан Республика шен кхиамех дуьне а цецдохуш, де дийне маса кхуьуш схьайогIуш хилча", - дIахьедина Ирасхановс интервьюхь.

"Оьрсийчоьнан уггар а кхерамза регион йу" Нохчийчоь алар МВД-н куьйгалхочо тIечIагIдина. И доцург а, КадыровгIеран доьзало ницкъахошна белхаш бан хьелаш нисдина, Украинана дуьхьал тIом бан царна мел оьшург латтадо, меттигерчу бахархошца тешаме йукъаметтигаш нисйина аьлла министро.

Лахьан-баттахь дуьйна ша урхалла дечу министраллин хьолах лаьцна кIезиг дерг бен ца дийцина Ирасхановс, кегийрхошлахь экстремизмана профилактика йарх а, IT-зуламийн сферехь болх чIагIбан Iалашо хиларх а.

Хадам боллуш терроризмана тIехь толам баьккхина цхьаъ бен йоцу регион йу дуьненахь Нохчийчоь аьлла, дIахьедира Кадыров Рамзана, контртерроран операцин" раж (КТО) йухайаьккхина 15 шо кхаьчначу дийнахь – охан-беттан 15-чохь. Мел лахара а 2010-чу шарера схьа дуьйна терроризм "эшорах" дIахьедарш до Кадыровс, бакъду цул тIаьхьа а республикехь лоьхура гIаттамхой бу бохурш. ТIаьххьара дийцина полицина дина хилла тIелатар хиллера Iашхой-КIотарахь чиллан-беттан 14-чохь. ХIетахь муьлш бу цахуучу кхаа стага герзаш диттира, лазийра ницкъахо, тIелеттарш байъира.

  • 2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан шахьарахь керла тIелатар дира полицина. Официалан версица а догIуш, меттигера 19 шо долчу кIанта дина дара и. Оцу баттахь дуьйцура Ассиновская станицехь герзаш деттарх, гIуран-баттахь герз лелош дов даьллера Хьалха-Мартанахь. 2023-чу шеран зазадокху-баттахь гIараделира кхин герзаш детташ хиллачу конфликтах лаьцна – Гуьмсехь ши стаг вийра.
  • "Исламан пачхьалкх" тобанца доьзна тIаьххьара тIелатар дира Соьлжа-ГIалахь 2021-чу шеран гIуран-баттахь. ХIетахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин цхьа белхахо вийра.
  • Нохчийчохь "контртерроран операци" йирзира формалехь 2009-чу шарахь. Делахь а, КТО-н Iалашонаш кхочушйан кхоьллинчу ницкъаллин структураш, дIаса ца йохийнера хIетахь а, йа Кадыров Рамзана "гIаттамхойн баннаш" хIаллакдина девлла шаьш аьлла дIахьединчу 2021-чу шарахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG