Къилбан гонашкарчу тIеман кхело дуьхьал воцуш таIзар дина ГIебарта-Балкхаройчуьра шина вахархочунна терроризмаца воьзна ву аьлла.
Официалан версица а догIуш, 2013-чу шарахь Апажихов Анзор а, Табухов Альберт а герзашца болчу наха вовшахтоьхначу "Кавказан Имарат" тобанан цхьана гаранах дIакхетта хиллера. Оцу тобанан хьалханча дIаса а лелош, цунна кхачанан сурсаташ а, ахча а латтош хиллера цара.
2013-чу шеран гезгамашин-баттахь и тоба хIаллакйира бакъоларйаран органаша. ХIетахь хаамбира Макоев Руслан а, кхин цхьа тIемало а "хIаллакварх" лаьцна. И шиъ бехкевора журналист Геккиев Казбек а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан агараран университетан ректор Жеруков Борис а верна.
Кхело йуьйцучу зуламхойн тобанехь цу шарахь Апажихов а, Табухов а хилла вац, боху. Официалан хаамашца, Шемара "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъахь волу и шиъ 2015-чу шарахь, дIакхетта "Кавказан Имаратах".
Эххар а чохь даккха ткъа-ткъа шераш тоьхна цу шинна. И таIзар и шиъ дуьхьал а воцуш дина хиларх, йаздо ГIебарта-Балкхаройчоьнан "Газета юга" хьасто.
- Товбеца-баттахь дIахьедира къайлахчу сервисаша ГIебарта-Балкхаройчуьра бархI вахархо лаьцна аьлла, цара дуьненайукъарчу террорхойн организацина тешаме хила дуй биъна бохура. Ишта ницкъахоша белхаш бечу гIишлошна тIелетарш дан кечлуш хилла бу бохура уьш, цаьргара герз даьккхина, къайлах лела. Лецначаьргара даьккхина герз ду аьлла, церан арсенал гайтар доцург, кхин кхачам боллу тоьшаллаш ца далийра къайлахчу сервисаша.
- Пачхьалкхехь йихкинчу "Кавказан Имарат" тобанца боьзна бу аьлла Оьрсийчоьнан талламо ГIалгIайчуьра батIалхьажойн вежараллин декъашхой. Тхан редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, и верси шеконе йу: ницкъахоша тоьшаллаш дина дац, ткъа и дийцар дукха хенахь дуьйна батIалхьажошна тIаьхьабевлла лелочу гIуллакхашца доьзна ду.