ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Терроризмаца къийсам латторна" совгIат дина Кадыровн невцана


Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш: Эли, Адам, Ахьмад, мехкан культурин министр Кадырова Iайшат, Табарик, ХутIмат
Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш: Эли, Адам, Ахьмад, мехкан культурин министр Кадырова Iайшат, Табарик, ХутIмат

"Терроризмаца къийсам латторна" аьлла, некха тIехь лело седа совгIатна белла Нохчийчоьнан вице-премьеран кIантана, мехкан урхалхочун йоI йахначу Висмурадов Рамзанна регионан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Висмурадов воцчунна, и совгIаташ дина масех бакъоларйаран органийн белхахочунна а.

"Ахмат" спортан клубан коьртачу директорна хIун динчунна и совгIат делла – Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло билгал ца даьккхина.

Висмурадов Рамзанехь йу Кадыров Рамзанан йоьалгIа йоI Кадырова Табарик. Иза, Кадыровн гонера цхьа могIа нах а санна, Украинан а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а санкцеш бухахь йу тIом бахьанехь.

  • 2022-чу шарахь хIоттийра Висмурадов "Ахмат" клубан коьрта директор. Цул хьалха клубан латархо вара иза, цо дакъалецира ийначу кепехь хIиттийначу профессионале латаршкахь.
  • Цуьнан да Висмурадов Абузайд – Нохчийчоьнан вице-премьер, нохчийн "Терек" СОБР-н командир ву. 2019-чу шарахь Висмурадов санкцийн тептаре йазвира "Магнитскийн актаца" а догIуш, хаамбира Американ финансийн министралло. ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ницкъаллин блокехула вице-премьеран даржехь чIагIвира Висмурадов.
  • Нохчийн "Ахмат" спортан клубана дуьхьал йаьхна а йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш, республикехь адамийн бакъонаш хьешарна, кест-кеста дуккха а нах лечкъорна, царна тIехь гIело латторна, "кхел йоцуш" уьш хIаллакбарна Кадыров Рамзанна а, цуьнан уллорачарна а бехкаш дахкарна тIехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG