ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

„Исс берах Сибрехара юхайирзинарг тхо кхо йоI яра“


"Омра дина дицдан" филм гойтуш даьккхина сурт.
"Омра дина дицдан" филм гойтуш даьккхина сурт.

Депортаци лайначу зудчо дагалоьцу.

Чилла-беттан 23-гIа герга мел гIурту карладуьйлу къам дIадохор шайна гина болчу нохчийн баккхийчу нахана 74 шо хьалха шаьш лайнарг. Хан мел йолу а Iаткъаме бу и дагалецамаш. Ткъа уьш бийца а, тIаьхьенашна бита а нах, мелхо а, кIезгалуш бу.

Австрехь ехаш йолу 76 шо долу Асет ю царах цхьаъ. Иза ши шо долуш бен ца хилла нохчий дIабохочу хенахь. Депортацин дийнахь хилларг шена дага ца дагIахь а, амма цул тIаьхьа, Юккъерчу Азе шаьш дIакхаьчначул тIаьхьа, ша бер долуш а, кхиина йогIуш а лайнарш а, гинарш а дика дагадогIу цунна.

Асета дуьйцу: „Вонаш хьегна оха. Кхо шо кхаьчна йоI, цул жимах кхин ши бер а долуш дохийна тхан дай-наний. Дуьненчу даьлла 5-6 де бен доцуш хилла тхан жимах бер цу хенахь. Цхьана салтичо катоьхна схьаяьккхина неIарх уллург кховдийнера тхан нене, бер дIахьарчон оьшур ю хьуна аьлла. Цигахь мацалла а, шело а лайна. Тхан йишас юуург йоцийла а хууш, тхан нене хи доьхуш хилла, вайгахь хи дуй, олий. Сибрехахь ши йиша а, виъ ваша а делла тхан “.

Цхьана адаман шен кхолламна а, цуьнан масех чкъор хийцадаллалц йолчу тIаьхьенна а синан чевнаш хиллал тоьар болуш бала бара къам дIадохоро беанарг, бохуш дийцира Асета кхин дIа а. Амма шена а, ша санна Сибрех лайначарна хIетахь гинарг берриге а бала ца хиллера.

Шайн кхин а шиъ тIом ган дийзира: „Тхан 9 берах дийна юхайирзинарг кхо йиша яра тхо. Ткъа тхох уггаре а йоккхахниг тIом болуш Соьлжа-гIалахь ракеташ тоьхначу хенахь йийна. Кху Австрехь тхо бухайисина йолу ши йиша ю. Кхузара сайн рицкъ кхачаделча цIайоьрзур хир ю-со Нохчийчу“.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG