ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

The Mirror: 600 Британин эскархо кийча ву Украинерчу миссина


Британехь вовшахтоьхна хуьлучунна каде реакци яран Оьрсийчоь тIелата магара аьлла кхерам хилахь Украине хьажо мегаш йолу 600 эскархочух лаьтта тоба. Иза чагIдо, шен хьастанашна тIе а тевжаш, британхойн The Mirror таблоида. Официалан кепара и информаци тIечIагIйина яц.

Британерчу газето яздарехь, хила мегачу Украине бахийтарна кечамбан буьйлабелла эскархой , тIеман министраллан а, Ми-6 талламан сервисан а куьйгалхоша премьер-министре дIахаийтинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан президентера Путин Владимирера карарчу хенахь Украинин а, Малхбузен а кхерамазаллина баккъалла кхерам схьаболуш хиларх лаьцна.

Хаамбарехь, вовшахтоьхначу тобанна юкъахь ву 16-й хIаваан-штурмин бригадера 400 десантхо а, ткъа иштта лерринчу тобан эскархой а, талламхой а, лоьраш а, тIеман инжинераш а, зIенахой а. Хьасто дийцарехь, буьйра делла хIума хилахь тоба кийча ю шаьш хьажочу метте дIакхача 36 сахьт далале.

ЧIагIдарехь, эскархой Украине кемашана тIехь бахка а мега, цуьнан территори тIехула десантхойн парашюташца охьабисса а мега.

Цуьнца цхьаьна артиклехь кхеташ дац, билггала хIун Iалашонаш кхочуш ян мега британхойн эскархоша Украинин территори тIехь, нагахь цуьнан Оьрсийчоьнца конфликт хилахь. Британино масийттазза дIахьединера, дуьйцийла йоцуш Украина йозуш йоцуш хиларна а, цуьнан территори екъа йиш йоцуш хиларехьа ю ша аьлла. Делахь а иза формалан кепара декхар тIеэцна яц и пачхьалкх ларъян.

Хьалхо Британин инарлин штабан куьйгалхочо инарло Картер Ника дIахьедира, шийла тIом хиллачу хенахь дуьйна уггар боккха кхерам хиларх лаьцна Малхбузе а, Оьрсийчоь а герзашца вовшахтасаяларан.

ТIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан эскарш Украинин дозанца дIасалеларо кхерам гIаттийна Киеван а, малхбузерчу пачхьалкхийн а, оцу пачхьалкхана тIелатар дан мегаш хилар хьокъехь. Москвано и хетарш "питане" ду, боху, цо ша сагатдеш хилар хоуьйту НАТО-н оцу регионехь тIеман жигаралла алсамяьлла хиларна.

Лахьан-беттан 3-хь Украинин тIеман министралло хаам бина, Украинин дозанехь гулйинчу Оьрсийчоьнан эскархойн тобанан терахь 90 эзар стаг ду аьлла. Украинин президента Зеленский Владимира дIахьедина, Украинин дозанца гулвелла 100 эзар гергга Оьрсийчоьнан салти ву аьлла. Цуьнца цхьаьна, украинахойн векалша билгалдаьккхина, цкъачунна шуьйрачу масштабехь шайн пачхьалкхана чугIортар хила мега аьлла билггала кхерам хилар ца го шайна аьлла.

Украино бехкейо Оьрсийчоь агресси лелорна 2014-чу шарахь ГIирмана аннекси йинчхьана дуьйна а, Донбассехь тIеман хиламаш буьйлабелчхьана дуьйна а хIинца а сецна доцу. Оьрсийчоьно дIахьедарш до, шен мостагӀаллин планаш яц бохуш.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG