20 шо хьалха Нохчийчохь тIеман операци йолийра Оьрсийчоьнан премьер-министро Путин Владимира. Оцу тIамо къастийра цуьнан шен кхоллам а.
"Маьрша догIийла жоьжахате, II дакъа". Нохчийчуьра шолгIа тIом
20 шо хьалха Нохчийчохь тIеман операци йолийра Оьрсийчоьнан премьер-министро Путин Владимира. Оцу тIамо къастийра цуьнан шен кхоллам а.
13
2000 шо, Соьлж-ГIалара тIом.
14
2000 шо, Чиллан-бутт, шайн пачхьалкхан байракх дIатухуш бу Оьрсийчоьнан эскархой. ГIала бомбанаша, кхечу герзаша йохийча, херцаршла яхча, караеара оьрсашна.
15
Соьлж-ГIалин майданашкахула йогIу зуда. Итт шерачохь хиллачу шина тIамо Нохчийчоьнан коьрта шахьар хIоттийра дуьнентIехь уггаре чIогIа йохийначу гIаланийн могIара.
16
2000 шо, Оьрсийчоьнан хIордан гIашлсалтий. Соьлж-ГIала йоьжча, кхечу хьесапе бирзира тIом – лаьмнашкара, хьаннашкара тIелетарш дора нохчаша.