Павленский Петран Москох ФСБ-н гIишлонна хьалха даьккхина сурт кхузаманахьлерчу Оьрсийчоьнан хотIан васт ду. Амма цу стага шен акци еш цигахь хиллачу шина жима журналисто дицарехь, иза тамашена хIума ду цу буса даьхна сурташ дийна дисар.
"Кхерам": Цхьана суртан истори

1
Фотожурналист Бероева Нигина. Лахьан-беттан 9-чохь 33 шо долу журналист Павленскийна тIаьхьа хIоьттина йоьдуш хилла Москох урамашкахула. Бероевана хууш цахилла цхьа минот яьлча хIун хир ду.

3
"Дождь" телеканалан журналистана Роменский Владимирна, Бероевана а санн, цкъа а хьалха гина стаг цахиллера Павленский. Амма шен акци дIаяьхьа цхьа кIира хьалха цо кхайкхина хилла журналист Москох юккъехь йолчу «Шоколадница» олучу кафе. Билггала цу акцех дерг шена хууш дацахь а, журналист реза хилла цига ваха. Павленскийс ша хIунда хаьржинера хIинца а цахаьа шена боху Роменскийс.

4
Павленский. "Эвна". 2012-чу шарахь Pussy Riot тобан декъашхошна суд ярна дуьхьалонан акци. «ДIатегна бат а йолуш, цо дийцара шена хетарг дерриг а дуьненна а хезаш», боху Бероевас.

5
Бероева Шемахь. Роменскийс дуьйцу Бероевага ша «Шоколадница» кафе кхайкхар. 20 минот яьлча цига вогIу Павленский. Цул тIаьхьа, иттех минотехь хиина а Iийна, иза ара волу. Журналисташ цунна тIаьхьа боьлху.