ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхо-тхаьш ду Путинах бохам баьлларш". Къилбаседа Кавказан бахархоша – Украинана чугIортарх лаьцна


Чиллан-беттан 26-хь тохар дина дохийна чохь нах беха гIишло
Чиллан-беттан 26-хь тохар дина дохийна чохь нах беха гIишло

Оьрсийчоьно Украинана чугIортар дIахьош долу пхоьалгIа де ду. Мехкан къилбаседехь, малхбалехь, къилбехь тийсадаларш ду оьрсийн тIемалошна а, Украинан т1еман ницкъашна а юккъехь, буьйсанна мехкан яккхийчу г1аланашна тохарш до, амма Оьрсийчоьно боху шайн тIелатар сецца.

Украино хаам бо Оьрсийчоьнан кхо эзар сов тIемало вийна хиларх лаьцна, оьрсийн Iедалхой дуьххьара къера хилира шайн эскархой байъина хиларна, амма ца элира церан терахь. Украинехьара байъинарш бIеннашкахь бу, царлахь маьрша бахархой бу.

Америка, Европан пачхьалкхаш, Британи, кхинйолу шортта пачхьалкхаша а керл-керла экономикан санкцеш йоху Москвана дуьхьала. Евробертан мехкаша дIакхачор ду Украинана тIеман кеманаш. Путин Владимира омра делла, Оьрсийчоьнан зарратан герз къаьсттинчу кечаман хьоле даккха, аьлла.

Къилбаседа Кавказан регионийн бахархоша дийцира Кавказ.Реалиига, Оьрсийчоь Украинана тIелатарх лаьцна шайна хетарг а, муьлхачу тIаьхьалонех кхоьру а, царна хетарехь, хиллачунна бехке мила ву а.

Нохчийчоь

К. Лариса, оьрсийн меттан а, литературан а Соьлжа-ГIаларчу юккъерчу школан хьехархо

Масийтта де ду Украинехь боккха тIом дIабоьдуш, Путина, кхоьручу стага санна, тIеман операции аьлла болу тIом. Оьрсийчоь йозуш йоцу, суверинитете пачхьалкхана тIелетта шайггара кхоьллинчу бахьанашца. Жимма а кхетам болу адам Украинан агIо лаьцна ду, агрессоро муьлхха "бахьанаш" дийцахь а. Цунна башха дац, адамашна хIуъа хилахь а, уьш муьлш белахь а, миччахь белахь а. Путинна лаьа "дуьненан паччахь" а, "х1орданийн эла" а хилла висса. Халахета, хIара дуьне тоххара дуьйна кхетта цахиларна, иза нохчийн цIий тIехь Iедале веанийла. Церан кхетаран мах дукха лакхара хили.

Аса догдоху, иза а, цуьнан гIоьнчаш а, Пушкинан туьйранера йоккха стаг санна "йоьхна гуй" хьалха биссийта, аьлча а, кхелана хьалха нисбалийта.

Диана, 35 шо, йохкархо:

шегахьа болчу безамо Путине муьлхха доза хададойту

Оьрсийчоьнан бакъо яцара Украинана чугIорта, иза кхин пачхьалкх ю! Нохчийчохь тIом баьлча дукха мехкаша цхьана озаца олура, иза Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх ду. Нохчаша дуьхьало йича, Оьрсийчоьно тхох сепаратисташ, экстремисташ олура. ТIаккха стенна ца юьту Украина шайн сепаратисташца дов къастон?! Путинна оьшу диктатура а, коррупци а, цуьнан дегалло муьлхха а доза хададойту цуьнга.

Васильков гIаланна йистехь иккхинчух баьлла кIур
Васильков гIаланна йистехь иккхинчух баьлла кIур

Дагестан

ПетIамат, Каспийскан яхархо:

Со буьйсанна дукха Iийна кара телефон лаьцна. Дукха шераш ду со телевизоре ца хьожу, со ца теша оцу чухула дуьйцучух. Сайна оьшу хаамаш аса цхьацца блогере хьожуш схьаоьцу, Донецкехь веха сайн вевзачунгара а, цо боху: "Суна хаьа хьо цунна дуьхьала юйла, амма хьан пачхьалкх тхуна тIелетта, суна ца хаьа аса иза муха тIелаца деза".

Каспийск – тIеман гIала ю, цундела кхузахь сих-сиха до Iамораш, хеза герз кхийсар. Амма уьш Iамораш дуйла сайна хуушехь со ирхкхийсало хIоразза а, сайна яда меттиг леха йолало. Ойла ца яло, муьлха жоьжагIатех чекхбовлу цигара тIеманна юкъанисбелла нах. Сан шиъ шича арме дIа а вигина, Украине дIахьажийна. И тIом йа царна, йа тхуна оьшуш бац! Царна шайна ца хаьа хIун Iалашонца беш бу тIом. Вай – агрессорш ду 21-чу бIешерчохь, вайн ледара дахаран хьелаш доллушехьа, лулахошкахь къепе хIоттон доьлхуш ду.

"Сурсат Оьрсийчу ца кхачадо" бохучу йозано сайна бетта тIе туй тоьхча санна хета суна

Со телефон эца дагахь яра, сайна оьшу модель хаьржинера аса, амма и тIом бахьана долуш цунах "дашон гIорзан" мах боьху хIинца. Сан аьтто бац хIинца Европера сайна оьшу молханийн заказ ян, сайто хIинца Оьрсийчу ца кхоьхьуьйту уьш. И сийсазалла ю. "Сурсат Оьрсийчу ца кхачадо" бохучу оцу йозано сайна бетах туй тоьхча санна хета суна. Аса ца хаьржинера хIара президент, хIара Iедал а, хIара дахар а, амма со йист ца хиларх пайда а оьцуш, хуьлуш ду тахана хIара инзаре зуламе хIуманаш. Суна сайн синхаам бассабелча санна хета. Кхин хIумма а ца лаьа, ца хаьа кхин дIа стенга догдаха деза. Оцу тIамо сан хилла дахар галдаьккхина.

Эльдар, Махачкалара студент:

Беркате хIумма а дац хуьлуш, йа хир а дац, хIунда аьлча, хIоразза а мехаш тIедетталур ду. Иштта ю-кха окху пачхьалкхан политика, иза хууш ду хьалххе дуьйна. Со Зеленскийга хьожучу хена воьлху, хIунда аьлча, цо дуьйцург бакъдерг ду. Суна украинхойн мова (мотт – укр.) а бевза. Со кхета бехке мила ву а, мила вац а. 2017-чу шарахь дуьйна со кхетта Украина бакъ хилар а, хуьлучух бехк – берриг Оьрсийчоьнан хилар а. ГIуллакх билггала ишта хила ца деза. Оьрсийчоьно Украинехь лелориг аса къобала ца до, цигахь бехарш вай санна нах бу, цигахь божарий, йоьIарий, церан дай-наной беха. ТIамехь тIе ца тоьуш шортта хIуманаш хуьлу, амма лазамаш, бIаьрхиш, цIий а шортта хуьлу цигахь. Цхьа пачхьалкх вукхунна тIелатар нийса дац, цигара нах вайн ма-хеттара бехаш бацара, аьлла.

Лайлаъ, Махачкалара яхархо:

Со керланашка инстаграмехь а, телевизорехула а хьожу, тайп-тайпана позициш хаархьама, амма хаац, муьлхачо дуьйцу бакъдерг. Цхьанна а ца хаьа иза. Украинаца даьлла дов сан дахарна тIехь цхьанне агIор суна ца хааделла. Суна сан алапа схьалуш ду, хьалха ма-даллара, тIейогIучу хенахь лур а ду. Суна хуьлуш зен дац. НАТО баккъала а Украине зарратан герз чудалон дагахь елахь, хуьлург суна нийса хета, амма цхьанне агIор самукъа ца долу сан оцунах. Сан чIогIа дог лозу цигара бехкбоцучу нахах. Мацца сецна а цигара дов дIатийр хиларх теша со, иштта дог паргIат долу сан, оцу гIуллакхан чакхе кеста гур а ю.

Киеван бахархой метро чохь
Киеван бахархой метро чохь

Къилбаседа ХIирийчоь

Тотров Руслан, журналист, Бури-ГIала:

Оьрсийчоь Украинана чугIортар, шеко йоцуш, вайн мехкан керлачу исторехь уггар иэхье агIо хилла яьлла

Оьрсийчоь Украинана чугIортар, шеко йоцуш, вайн мехкан керлачу исторехь уггаре иэхье агIо хилла яьлла. Бесланехь хилларг санна, "Курск" а, Соьлжа-ГIала 90-чу шерашкахь хIаллакъяр санна. И тIом- адамаллина дуьхьал даьккхина эхь доцу зулам ду. Муьлхха мах дIабелла а, иза сацон дезаш ду. Оцу зуламан, нахе мостагIалла йолу артитекторш а. Оьрсийн Iедалша гайтаме бендацар гойтучу малхбузено яьхначу санкцеш мацца бина а чIогIа Iаткъам бийра бу. Ма-дарра аьлча, къен нах дан амал доцуш хир бу, ткъа дан амал доцурш – шуна шайна хаьа.

Тахана мел-дечух боккха мах бала безар бу рогIера оьрсийн бахархоша. ХIирийша, оьрсаша, кхиндолчу къаьмнаша а. Хила тарло, кегийначара бала безар бу и мах.

Абаева Марина, берийн нана, Бури-ГIала:

Со тIамна дуьхьала ю. Дуьхьала ю маьрша бахархой байъарна. Со кхоьру. Кхоьру, муха юхадоьрзур ду иза Оьрсийчоьнна а, сан доьзална а бохуш. Амма суна цхьа хIума хаьа: хьалха хилларг хир дац. Со кхи башха эксперт яц, бакъ мила ву, мила вац бохуш дийцарш дан, куьйгалхойн политикан стратегиш йийцаре ян а. Со ца кхета цуьнах. Сан ала диснарг ду, суна сайн мохк беза, суна эхь ца хета со Оьрсийчура хиларна. ТIом болор – иза сан сацам бац. Со цхьанне агIор оцу гIуллакхца йоьзна яц. Суна мел вевзарг, гергарнаш, доттагIий тIамна дуьхьала бу.

Амма, наггахь сан кхераро дахар дIакхехьа новкъарло йо суна. Цундела со ца хьожу тIамтIера видеошка. Цхьадерг го со язъелла блогерашкара. Селхана йийшира аса Пивоваровн а, Собчакан а блогаш. Ткъа юха сихха дIаяккхира. Кхерам совболу, суна ца лаьа иза.

Коваленко Марина, лор, Бури-ГIала:

Суна чIогIа дегаза ду "Путин Украинан къам кIелхьара даккха веана", бохуш наха яздийраш деша. Муха? Ракеташца? Суна наб ца кхета, со керланашка хьоьжу. Сан цхьаболу гергарнаш Львовехь беха, уьш тIоьрмигаш а гулдина, муьлххачу минотехь петар чуьра дIабаха кийча Iаш бу. Шайн чохь лелон акхарошна сагатдо цара, уьш шайца дIайига дагахь бу. Кхин гергарнаш Киеван цхьацца декъашкахь беха. Цигахь массанхьа герзаш кхуьйсу. Массарна а гича санна хета суна суьрташ, видеош бомбанаш кхийсар гойтуш. Маьрша бахархой бу бойъурш, долара цIенош ду хIаллакдеш. Сан пхи шо долу йишин кIант ву воьлхуш. Тхан 54 шо долу нуц Киевера дуьхьало латторан декъе вазвина. Цунах лаьцна дийца деза, иза сацон деза. "ТIелатаран операци" хилла ца Iа иза. Киевера нах бу екачу сиренийн гIовгIанна кIелахула дIаоьхуш. ТIеман технико маьрша нехан машенаш хьоьшу. Оьрсийн керланашкахь дуьйцу, Украина ша шена тIелетта, ткъа Оьрсийчоь цунна гIоьнна яхана, бохуш.

Краснодаран мохк

Русаков Денис, Краснодаран вахархо:

Украинана тIелатаро Путин ИГИЛ-ан террористийн могIаре ваьккхина. Историца боьзна шен цIаьххьана гучубуьйлу лазамаш юьхьара а лаьцна, луларчу пачхьалкхан цхьаалла йохош, цунна тIелатар – иза психикан цамгарах тера ду. РогIерчу бахархошна шортта тIаьхьалонаш хир ю цунах. Оьрсийчохь юха а "гайкаш дIахьийзор ю", иштта доьхкур ду "харц ойланаш" ян а, реза боцучарна тIехь репрессеш а йийра ю. Украинехь – цуьнан латтанаш схьадахахь – кхолла тарло дIасакъесторан лагераш. Кремлехь хIинца вехарг – иза вуно бекхаме стаг ву, хетарехь, Украинана хьалхе дуьйна дегабаам бина ву. Экономикан тIаьхьалонаш а хир ю, шеко йоцуш. Керла санкцийн пакет ю кечйина. Уггаре а доккха зен хир ду адамийн юккъера зIенашна. Хуьлург – иза Украинан бахархошна бохам бу, ватникаш а кхета беза, церан баккхийберна чакхе а тIекхочур ю, тIаккха боьлхурш уьш хир бу.

Соколов Павел, адвокат:

Украине чугIорта бина сацам, шеко йоцуш, Путина ша, шен лаамца тIеэцна бу, хIунда аьлча цуьнан сецоран факторш йисна яц. Цунна ца оьшу Малхбузеца юкъаметтигаш, цунна самукъа ца долу кхиамаш шега ца бахабеллачу чоьхьарчу политикех а.

Маьрша, Iилма долу стаг ца вахало диктатурехь. Ткъа Путинах диктатор хилла – иза хууш ду

Арахьара политикан аре дIаяьккхича Путин президентан кепехь ван а вац. Пачхьалкхан институташ телхина, церан болх административан омранаш кхийдоран кепе бирзина, СССР-ан планан экономикехь санна. Оьрсийчоьнан бахархойн терахь жимлуш лаьтта, пхоьалгIа, йа ялхалгIа эмиграцин тулгIе ю хIинца йоьдуш, дIабоьлхурш уггаре хьекъале, къахьоьгу, вайх уггаре тоьлла нах бу. ХIунда аьлча, маьрша, Iилма долу стаг ца вахало диктатурехь. Ткъа Путинах диктатор хилла – иза хууш ду.

Цо тIаьххьара лелийнарг ма-дарра дIаяздина ду Оьрсийчоьнан УК-н 253-чу артиклехь. Сун хета, иза цунах дика кхеташ хилар, ткъа иза кхеташ хиларна цкъа а шен лаамехь Iедалера дIагIур вац иза.

Халахетахь а, иза дIавахийта ницкъ болуш стаг вац. Дукха Оьрсийчоьнан бахархой лууш бац дуьхьало ян, ткъа оцу гIирсах пайда а оьцуш, дуьненан латтан 1/6 дакъа куьйгакIелахь латтош ду. Цул сов, Оьрсийчоь дукха хьал долуш ю, и ахча шортта тоьар ду режим еххачу хеначохь латтон.

Васильковера йохийна хIусам
Васильковера йохийна хIусам

Гитлер эшон аьтто бара ницкъаца тIеIаткъам а бина, амма Путинца иза чекхдер дац, хIунда аьлча цунгахь зарратан герз хиларна. Дуьненна зулам бен кхи хIумма дала кийча вац иза. Технологеш ширлуш ю вайн, диссинарг – иза ресурсаш йохкар ду. Оцу гIуллакхо бахархойн дахар талхадо, церан хьал лагIдо, диссинарг а хIаллакдо.

Оьрсашна украинцаш менталитетца уггаре а юххера къам ду. Суна хетарехь, иштта доьзал бан бац, шайн Украинехь гергарнаш боцуш. Вай вовшашна гергара ду менталитетаца а, генетикаца а. ХIинца цхьана стага вовшашца мостагIий дина вайх дуккха а шерашна. Шеко йоцуш, иза тIеман зулам ду. Амма иза шен къоманна дина зулам ду. ХIинцале а гуш ду, дуьненаюкъара санкцеша вуно чIогIа тохар дийра ду экономикана, ткъа вайн пачхьалкхан кхиам масийтта шаранна юхалестара бу. Амма Путинан а, цуьнан гонан а эланийн дахарна зенаш хир дац. Уьш шайн яккхийчу хIусамашкахь кхин дIа а бехар бу, шайна хьалха гIуллакхаш ден нах а болуш, цара сакъоьрур ду аквадискотекашкахь, доларчу кемсан аренашкахь а, Оьрсийчоьнан бахархоша шога дахар дIакхоьхьучу юкъанна, и дахар ишттачу тIегIанехь дитархьама кхузза дукха къахьоьгучу юкъанна.

Луларчу пачхьалкхана чугIортар дийцаре дича, гуш ду, иза диктаторан шена луург хилар, цуьнан геополитикан планаш хилар а, шена гонахьа буферан аренаш хIитторхьама лелош хилар а, ХIирийчоь а, Абхази санна.

Цо боху, НАТО малхбалехьа схьагIортарна саготта ву ша, амма иза схьагIортийта бахьанаш цо ша санна цхьамм а ца делла.

Украинан бахархоша мехкан малхбузера дозанаш хедадо
Украинан бахархоша мехкан малхбузера дозанаш хедадо

ГIалмакхойчоь

Басангов Церен, ГIалмакхойчохь говрийн туризм вовшахтоьхнарг:

Цхьана маьIнехь, чIагIо йоллуш кхоллаелла ойла яц сан. Герзашца нехан махка чугIортарна со дуьхьал ву. Бахьанаш – и коьртазниг ду. Нагахь санна, тIом балахь, юкъаметтигаш телхар ю. Оьрсийчоьнан а, Малхбузен а зорбанан гIирсаша цу тIехь гIо дийр ду. 2014-чу шарахь билггал бIаьрга бахка ца безара оьрсий украинхошна. Баларш дукха мел хуьлу, цабезам чIагIлур бу. Украинхойн негативе хьежамах дерг аьлча, со суо цуьнах Iоттавелла вац. 2014-2017-чу шерашкахь Москвахь ваьхна со, Украинера а, ДНР-ра а белхан накъостий бара сан. Шайна юкъахь церан дика, доттагIаллин юкъаметтигаш яра.

Оьрсийчоьнан политикан шоу-программашка хьоьжучарна ца беза аьлла хета суна украинхой. Делан къинхетам бу, сан гонехь уьш цахилар.

ЧугIортарх экономикан кепехь тIаьхьало а хир ю. Мехаш бесташ бу. Уггар хьалха мискачу нахах хьакхалур ду и. Кхузаманан Оьрсийчоьнан муьрехь сом дайлуш дара. Оцу хьелаша кхин тIе а талхадо дукхахболчу Оьрсийчоьнан бахархойн дахар.

Бюрчиев Бадма, журналист:

Нагахь санна, Украинерчу тIамо вай цецдохуш, вайн юкъаралла ца хийцахь, вайх концлагеран тутмакхаш хир ду

Оьрсийчоь Украинана тIелатар – чугIортар, тIом бу, вайга "спецопераци" ю бохуш, дийцахь а. "Спецопераци" термин шеко йолуш ю, Путинан агIончийн риторикехь а дIатарлур яц иза. Луларчу пачхьалкхе гIоьртина вай, бахархошна Iожалла хьош. Цул а коьрта ду, хIокху деношкахь белларш – вайна тIехь хилар. ЦIе самсайохуш, хIинца къайлах-къулах Оьрсийчоьнан герзан "кхиамех" баккхийбечарна тIехь. Агрессор-пачхьалкхехь дехаш ду вай. Бахархой хиларе терра, вайн гIора дац, цундела садетта деза Путинна а, цуьнан авторитаризмана а хIокху ткъех сов шерашкахь. Вайн эгIазаллин бахьанаш ду. Амма и кхечу къамелан тема ю. Тахана вай схьаэца еза коьрта урок – даллал кхераме йолу вайн стешхалла. Вайна ваьшна а, вайца лулахь Iан безачарна а, цхьана агIор оьрсийн интересийн орбитехь хила безачарна а. Нагахь санна, Украинерчу тIамо вай цецдохуш, вайн юкъаралла ца хийцахь, вайх концлагеран тутмакхаш хир ду. Дуьненахь цхьаьннан а бала боцчу концлагеран, хIунда аьлча, вай ваьш хаьржина хIара некъ.

Манжиев Евгений, ГIалмакхойчуьра вахархо:

Украинаца болийначу тIаме негативе хьоьжу со. Суверенитет йолчу пачхьалкха чугIортар ду иза йоккхачу тIеман операцица.

Кхуьнан тIаьхье чогIа хир ю уггар хьалха Украинан а, Оьрсийчоьнан а бахархошна. Дукхха а тIаьхьа тоттур ю вайн пачхьалкх, дуьненан экономикана тIекхачалур дац, суна хетарехь, дукха ца Iаш хаалур ду вайна и. Мискачу бахархошна хьалха цхьаммо а дуьйцур дац, мел ахча хьажийра оцу "тIеман операцина", иштта а тхан къам а, Оьрсийчохь деха халкъаш а кхин дика бехаш бацара. Ткъа сан ГIалмакхойн мохк – дахаран хьелаш дика хиларехь тIаьххьарчу меттигашкахь бу.

Цхьана а бахьанашца бакъдойла яц, кхин цуьнах цхьана а кхечу тайпа ала йиш йоцу, агрессин акт. Муьлхха а тIом – шина а агIонна бала бу. Суна чIогIа эхь кхета сан пачхьалкхо лелочунна. Православин шина къомана юкъара и чов кеста йоьрзур яц, шина а агIоно ницкъ тIебахийтахь цхьаъ хила тарло. Дипломатино болх бан беза, шина вежараллин къаьмнашна юкъахь дуккха а ду цхьанадогIу хIуманаш.

Кхарачой-Чергазийчоь

Эбзеева Амина, Черкесскан яхархо:

Муьлхха а тIом машарца боьрзур бу, гIад дайна машар иза хилахь а. Чоьхьара дуьхьалонаш шина а агIоно эшор ю аьлла, тешна ю со. Сихо мел йо, кIезиг зенаш хир ду. Кхеташ цхьаъ ду: хIокху тIамо дуккха а дуьхьалонаш латтор ю шина а пачхьалкхана тIехь. ХIаллакхиллачийн кхолламийн статистика, хетарехь, эзарел тIехъяьлла.

Кайбалиева Эльвира, Черкесскан яхархо:

Инзаре ду и дерриг а! Iадийна маьрша адамаш дойуш хиларна. Царех къаьсттина дог лозу. Шайн ма-хуьллу сихонца ший а агIо а дийцаршка хуур ю аьлла, хета суна. ЛартIахь волу цхьа стаг хир вац тIамехьа, амма шен пачхьалкх бахьанехь, эхь хеташ а хир вац.

ГIебарта-Балкхаройчоь

Мамаев Анзор, Нальчикан вахархо:

Дуккха а шерашкхаь Донбассехь маьрша дацахь а, Украинера хьал иштта доьрзур ду аьлла, ца хетара

Хала хеташ делахь а, таханалерачу цивилан дуьненахь а меттиг буьссу тIеман къизачу конфликташна. Адаман йоллу исторехь тIемаш лаьттина. Ткъа Советан Iедалан территори – сихачу тIадамийн карта санна ю. Делахь а, цуьнца дуьстича а, Донбассехь дуккха а шерашкахь маьрша доцушшехь, мацца а Украинера хьал иштта доьрзур ду аьлла ца хетара. Суна хета, кхузахь дипломатин факторх кхачам боллуш пайда эцна ца хилла. Доллу кхачамбацарш, цакхетамаш дерзон цхьа кIеззиг шанс йиссинехь а, цунах пайдаэца безаш хиллера. ХIара гIуллакх дIадахдала там бу.

Карина, Нальчикера экономист:

ТIом – вон хIума ю гуттар а. Амма кхин дан хIума дисина дацара бохучу пачхьалкхан Iедалхойх теша лаьа. Са гатдо, хIара дерриг а муха доьрзур ду ца хууш. Селхана хезна суна, тхан махкара а белларш бу аьлла, кхо стаг. Украине кIентий хьовсийна доьзалш бевза суна. Хала ду иза лан.

Евгения, хазаллин салонера мастер:

Дерригенах а кхета цхьана хIуманца дустарца. Коронавирус – цхьа дегI хецадалийтар санна хIума хиллера, хIинца хуьлучуьнга хьаьжча. Дукха тIех экаме хила а тарло со, амма цхьа боккха сингаттам хир бу боху, ойла тIаьхьара ца йолу суна. Ойла ян а ца хIутту со, цIийндай, везар, кIентий Украине шина а агIор тIом бан бахийтинчу зударий муха мега-те аьлла. Белларш хир бу, хIинцале а болуш бу уьш-м.

Киевна йистехь кIур
Киевна йистехь кIур

ГIалгIайчоь

Т. Мадина, карахь лелочу беран нана:

Суна хетарехь, иза оьшуш йоцу, вуно зуламе акци ю. И дош ала а кхоьру со – "тIом". Чиллан-беттан 24-хь самаяьлча хиира сунна Путин Украинана тIелеттийла, со Iадийнера. Коьрта чохь цхьа ойла ца соцура. ТIаккха сайн дийшиначу берашка а хьаьжна, сунна дагатессира Укранера бераш а, церан дай-наной а. ХIун ду хIинца церан дагахь? Уьш муха кIелхьара даха деза цара? Мича бовда беза уьш? Кхоьруш тIеоьцу аса оцу тIамна бехке вай а хилар, Оьрсийчоьнан бахархой. Вай кхиийна и мостагIалла ткъех сов шарахь, хIинца иза тIехIенаш ю.

Аса сайн берашка дийцина, вайн президенто тIом болийна, аьлла. Уьш кегийра ду, амма сунна лаьа царна бакъдолу хьал довзийта. Гергарчара къобала ца до аса лелориг. ЦIийнда виссалц политикаца бала болуш стаг вац. Хьалха со а яцара политикаца бала болуш, дешна яьлча маре а яхана доьзал кхоьллира. Амма вайн пачхьалкхера хьоло, простесташ хIиттиначул тIаьхь муххале а, ца вуьту юьстахваьлла Iа.

Вайн а, украинхошна а юккъера юкъаметтигаш хIаллакхилла, сунна хетарехь. Кхета, рогIера нах бехке бац тIом баларна, амма дахарехь иза ишта болх беш дац. Цара вериг бехке вийра ву. Иза цхьана агIор нийса а ду.

Долларан мах бахьанехь, шо мел дели хьал къенлуш ду тхан

Экономикан тIаьхьалонаш хир ю оцу гIуллакхан. Сан цIийнадеца юкъахь туька ю тхан лелош, дозанал арахьара хIуманаш кхоьхьу оха, амма долларан мах бахьанехь, шо мел дели хьал къенлуш ду тхан. Стенна дуьхьа ду хIара дерриг? Iедалан амбицеш бахьана? Путинан? ЦIийндас боху соьга жимма кIеда хила сайн политикан ойланашкахь, амма иза ша ву ишта хеташ. Суна сагаттдо цо.

Тхо хIокху пачхьалкхера дIагIур дара, даха меттиг белхьара, йа къена да-нана дита аьтто а бац. Амма сунна ца лаьа сайн бераш кхузахь дахийта. Суна эхь хета кху пачхьалкхо лелочух, цхьанне агIор дозалла ца до аса со йина, яьхна меттигех.

Евлоев Iабдул-Хьамид, финансист:

Украинаца баьккхина тIом иэхьан хьоькх хилла Оьрсийчоьнан историна чу юьжур ю. Миллионашкахь нехан синош фашизмана дуьхьала дIаделла пачхьалкх хIинца ша ю оккупантан вастехь. Ала догIу, Оьрсийчоьнан дукхачу бахархойн бендоцуш лелар, кхерийначу хьолехь лаьтта уьш, Путино баьккхина зуламан тIамна дуьхьал ара а ца бовлу доккхачу декъанна.

Со дика кхета муьлхачу шогачу хьолехь ю тахана Украина а, цуьнан бахархой а. Амма суна хета, Оьрсийчоьнан оккупанташна шога дуьхьало яро бен кIелхьара йоккхур яц Украина. Бахбина тIом – иза дац Москвана оьшург, хан Оьрсийчоьнна дуьхьала ловзуш ю. Билгаладоккху Евробертан а, Американ а эсала лелар, Украинана гIо даккхарехь а, Путин сецорехь а. Малхбалера пачхьалкхаш дукха экаме лела, хьекъалца пайда ца оьцуш санна лела Оьрсийчоьнан куьйгалло лелочу зуламашна дуьхьало ярехь. Малхбузенна, доккхачу декъанна, Европан пачхьалкхашна хаа деза, Путина лелориг хIинца жоп доцуш дитахь, дукха дика кхеташ ду вай, ша динчунна тIехь иза соцург ца хилар. РогIернаш Прибалтикан пачхьалкхаш йа Польша хила тарло. Укранинана гIо дар – иза дуьххьара шайна Европан мехкашна оьшург ду, шайна тIе хIоьттина боккха кхерам юхатохархьама. Тахана Украино ша Iено цIий шен дуьхьа Iенийна ца Iа, берриг Европера мехкийн дуьхьа Iенош ду иза.

Харьковьна кIел тийсадаларш
Харьковьна кIел тийсадаларш

А.М., социолог:

Дуьненарчу массо наханна, къаьсттина украинхошна, хаьийла лаьа суна, тхо тхаьш ду оцу тIамах зулам даьлларш. Тхуна тIе бехкаш дахка ца оьшу, тхан и тиран лалла аьтто ца баларна.

Iедалхой вай Iехо гIерташ бу, оцу тIеман цхьа бух бу, бохуш. Амма иза аьшпаш бу. Ишттачу тIеман бух цхьаъ бу: аьтто боцу куьлгалхойн цомгаш амбициш а, шайн мехкан чоьхьара кхачамбацарш листа стогалла ца хиларна, кхечу пачхьалкхашна тIе а леташ, шайн самукъа доккху цара. Путин суна хьераваьлла Джокерах тера хетта, лоьрийн гIо ошура цунна, амма цуьнгахь ницкъ хиларна иза лара декхаре хуьлу. Цул сов, психопат ву иза, ша дуьне цецдаккхарна воккхавуьйш.

Адамашна хуьлу Iаткъам бийца волавелча, сунна дагадаийта лаьа, вайн хьал тIом балале а дара сийсазе. Оьрсийчуьра алапаш Европерчаьрца дуьстича, лайн алапех тера ду. Хьовса статистике.

Эрна дацара, тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоь Къилбаседа Корейца юстар – хетарехь, ишта гуш ю Путинна тIейогIучу хеначохь Оьрсийчоь

И тIом оьшуш бац цхьанне агIонна: хIинццалц пачхьалкхан тхан латтанийн а, ресурсийн а, бахархойн а дола ца далора. ТIаккха стенна кхийда иза нехан латтанаш тIе, вежарийн къоманна тIе? Шеко йоцуш, оцу тIамо вай дерриг вайн хьолах дохур ду, дог этIора ду, социалан хаттар кхин а шогачу хьоле дерзор ду, дерриг дуьненал тIаьхьа дуьссур ду вай. Инзаре хIума ду-кха иза! Постиндустриалан мехкашна тIекхиа декхаре дара вай, амма Путина шен сонтачу политикаца аграран тIегIанехь дуьтуш ду вай. Эрна дацара, тIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоь Къилбаседа Корейца юстар – хетарехь, ишта гуш ю Путинна тIейогIучу хенан Оьрсийчоь.

Ала лаьа къастийна, нехан доьналлах лаьцна. Украинаца тIом болабале Путина шен къомаца болийра тIом. Оппозиционераш, бакъоларъярхой, журналисташ, новкъа политикаш байъар, бахархойн позициш бахьанехь инзаре хенаш еттар, акцишна, протесташна дуьхьало яр, къоман аз къиза дIалекъор, Iедалан талхар а, коррупции гучуйохучарна тIехь гайтаман кхелаш хIиттор, жигархой хьийзор, нах тидамехь латтон низамаш тIеэцар (Яроваян пакет), арахьара агентех низам – иза хIора денна Путина шен къоманна дуьхьала дIахьош боккха тIом бара, вайн доьналла, аз, майралла хIаллакдархьама. Украинаца тIом болийра цо Оьрсийчоьнан бахархой охьатаIийначул тIаьхьа.

Цундела лаьа Украинан бахархошка а, дерриг дуьнене а тхо, Оьрсийчоьнан бахархой, оцу тIамна дуьхьал ду ала. Тхо тхаьш ду Путинах зулам даьлла. Дуьххьара дийнахь дуьйна, сайн коллегашца оха тхайга далург до Украинерчу доттагIашна гIо дархьама. Кхин дIа а тхайга далург дийра ду оха режимна дуьхьала, амма тхуна оцу гIуллакхна оьшу Украинан бахархойн а, дуьненан накъосталла а, кхетар а.

Тхайна тIера бехк охьабилла ца гIерта тхо, тхан лулахошна а, вежаршна а, тIекхуьучу тIехьенна а, тхайн хIара декхар дIатакхарехь гIо доьху оха. Вай цхьана дуьхьало латто еза Путинна а, цуьнан гIоьнчашна а.

***

Американ доллар а, евро а "Москван биржан" эцаршкахь Оршотан дийнахь керла историн максимуме кхаьчна: доллар – 106,445 сом, евро – 119, 685 сом. Биржано масийттаза шордира долларан, еврон дIасалестаран дозанаш, оьшу тIегIа карорхьама, амма валютана эцар совдаьлла догIу, цуьнан мах хьалабаьллашехьа. Соьман мах, валютаца буьстича, шортта охьабаьлла.

Евроберто дIакхоьвлина Оьрсийчуьра кеманашна стигал, ткъа Russia Today телеканалана – эфир.

ОВД-инфо бакъоларъяран проекто бахарехь (арахьара агентийн тептаре яьккхина ю), Оьрсийчохь Чиллан-беттан 27-хь лаьцна 2 710 стаг. ТIамна дуьхьала акцешка бевлера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG