Товбецан-беттан 11-чохь эзарнаш нах гулбелира, 1995 шарахь Боснерчу сербаша хIаллакбинчу нахах билгалдаьлла 520 дакъа лаьтте дерзон. Поточары-юьртахь тоьпаш етташ байъинчу нехан юкъара каш даьстича, дай бевзинчийн декъеш бен а дац уьш - ткъа хIетахь къиза вийнарг ву 8 эзар бусулба стаг.
Сребреница-2012: Геноцидан къиза юьхь-марш

1
Кешнаш дохуш ву белхало Сребреницана гена йоцчу Поточары-юьртарчу кешнийн кертахь. Цкъачунна декъеш лоьхучу дуьненаюкъарчу комиссин аьтто а баьлла девзинарг ду 7 эзар дакъа.

2
110 чаккхарма бара "Машаран маршехь" кешнашка кхача лаьттачу боснийхойн могIа.

3
...Iазапе мур дагабеъна боьлху зударий.

4
Шайн гергарчийн декъеш девзина нахана.