ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара Iалашо ю– Кадыров? Ичкерин агIончаша Украинехь керла батальон кхоьллина


Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад
Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад

Нохчийн лаамхоша вовшахтоьхна Дудаев ДжовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах батальонаш 2014-чу шарера схьа дуьйна Украинехьа тIемаш беш ю. 2022-чу шеран Чиллан-баттахь Оьрсийчоьно тIеман интервенци йолийчхьана Оьрсийчоьнан тIамехь къобалъязчу Ичкерин суверенитет юхаерзо таро хааелла, дакъош дIадуьзира керлачу эскархоша.

Товбеца-беттан 29-чохь Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмадан омрица вовшахтуьйхира Нохчийн Ичкерия республикан тIеман ницкъийн Къаьстина леррина батальон (ОБОН) Украинан интернационалан легионан декъехь. Цуьнан куьйгалле хIоттийра Зумсо Хьаьжа-Мурд. Дозанал арахьа бехачу, Нохчийчоь йозуш йоцуш хила луучара, Украинана гIоьнна кхоьллина доьалгIа дакъа ду хIара.

Стигалкъекъа-баттахь Киевехь хилира Закаев, цигахь цхьанакхетарш хилира цуьнан парламентехь, Украинан президентан администрацихь, бевзачу пачхьалкхан политикашца а. Дийцаредира иштта Оьрсийчоьнца болчу тIамехь нохчаша дакъалацарх а. Цул тIаьхьа дIакхайкхийра, Украинехь Ичкерин консул хIотторах – иза ву Шулипа Юрий.

Ичкерина деоккупацигахьа къийсам латтор болчу массо а ницкъашца юкъарлонаш лелор ду

Цул тIаьхьа дукха ца Iаш "Маьршачу Кавказехьа" вовшахкхетаралло Лакхарчу Раде проект кховдийра, Ичкерин йозуш цахилар къобалдар доьхуш, цо жигаралла меттахъяьккхира дукха а заманчохь тапъаьлла тийна Iийначу Европерчу нохчийн диаспорашкарчу политикан ницкъийн.

Товбеца-баттахь Украинан байракхан бухахь тIемаш бечу батальонийн декъерчу тIемалоша зевне дIахьедар дира, Кадыровн рожана дуьхьал Нохчийчохь къайлах герзашца дуьхьало ян кийча ду шаьш аьлла. И лаам тIечIагIбира оцу сохьта масех хьасташа.

Нохчийн куьйгалло, коьртехь Кадыров Рамзан а волуш, Украинехьа тIемаш бен Ичкерин агIончаш ладаме тIеоьцу, цуьнан тоьшалло до, шозза- Зазадокху-беттан юьххьехь а, Охан-бутт бовш а – шозза Нохчийчоьнан куьйгалхочо 500 эзар долларшкахь кхаъ лур бу элира Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а, Дудаев ДжовхIаран цIарахчу а -Шейх Мансуран цIарахчу а батальонийн командираш - болу меттиг йийцинчунна. Мангал-баттахь Кадыровс кхайкхамбира украинхошка тIемаш бечаьрга герз охьа а дилла аьлла, царна дискредитаци ян а гIоьртира, кадыровхошна тIеIиттабаларна кхоьруш, уьдуш лела бохуш.

Тергамза ца дитира Кадыровс, Украинан парламентехь Ичкери къобалъяр дийцаредар хьехар а: и хаам "беламе" бу элира цо, къобалъяза республика "Малхбален проект яра", и йоцуш ю 2019-чу шарера схьа дуьйна аьлла, дIа а хьедеш

Украинера Ичкерин тIом

Керла батальон кхолларх дIакхайкхочу Закаевс, леррина билгалдаьккхира, украинхойн эскаран дакъа хиндолчу интернационалан легионан декъахь ша а хир ву аьлла. Ичкерин векалийн кхо дакъа хIинцале а ВСУ-на юкъадогIуш ду, Дудаев ДжовхIаран цIарах батальон (командир Осмаев Адам), "Акха арданг" тоба а, керла ОБОН а. ЧIебирлойн Муслима буьйралла ден Шейх Мансуран цIарах батальон юьссуш ю лаамхойн тобанан бакъонашца.

Нохчийн батальонийн а, украинхойн Радехь Ичкери къобалъяран проектан а гонаха болх жигарабаккхархьама а, Закаевс дIахьедина, еххачу ханна Киевехь дIатарвала дагахь ву ша, шех тешначу нахана уллохь хилархьама аьлла. Иштта, Малхбузехь веха Закаев Ичкерин лаккхарчу политикех хьалхара ву, 2022-чу шеран Чиллан-баттахь Оьрсийчоьнан агресси бахьана долуш шен лаамехь Киеве дехьаваьллачех.

Киевехь хиллачу пресс-конференцехь Закаевс тергам бира, Нохчийчохь Оьрсийчоьнна дуьхьал болийна къийсам нохчаша кхин дIа а латтош хиларан. Цо тIечIагIдира, республикера схьабевлла дуккхаъберш тахана Украинан дозанаш лардечу тобанхойн дакъошкахь тIемаш беш хилар.

Оьрсийчоьнан Iедалан элемент яц Кадыров… Путин ца хилахь, Кадыров цхьана а хIуманца воьзна вац

Шейх Мансуран цIарахчу батальонан информацин декъан куьйгалхочо Чеченский Богдана элира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь, цкъачунна кIезиг хаьа шена керла Ичкерин векалех вовшахтоьхначу батальонех лаьцна аьлла.

"Оха юкъарлонаш лелор ду, Ичкерина деоккупаци ечу массо а политикан а, тIеман а ницкъашца, нагахь санна, уьш белахь", - дIахьедира къамелдечо.

Украинхойн "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхочо, политикан Iилманийн докторо, профессоро Савва Михаила Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тидам бира, 2014-чу шарахь хиллачуьнга хьаьжча, Украина тахана шен ма-хуьллу гIерта шегахьа тIемаш бийраш бIахойн могIаршка официалехь дIаэца. Хила тарло уьш Украинан Герзашца вовшахтоьхна ницкъаш, Къоман гварди йа дозанаш лардийраш.

И бохург ду, лаамхочо конрактана куьйгъяздан деза, ткъа цул хьалха талламах чекхваккха веза, масала, лаьцна Iийна вуй хьожуш. Иштта бIахочунна довзйта деза дуьненаюкъарчу гуманитаран бакъонан низамаш, йийсаре лецначарна тIехь ницкъ ца байта а, йа уьш ца байийта а, дуьйцу Саввас.

Цунна хетарехь, "халкъийн вовшахтохараллаша" дIагойту, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш – Украинехьа хилар.

"Украинехьа тIемаш бечу тобанийн ницкъ кхочур буй-те тIейогIучу заманчохь Нохчийчуьра хьал хийца? Кхочур бу аьлла, ца хета суна. Кадыров Рамзана куьйгакIел йолчу герзашца лелачу вовшахтохараллийн терахьел а, таронел а дукхазза ледара бу церан ницкъаш. Амма Кадыров ша а, цуьнан герзашца лела ялхой а хила тарло Оьрсийчоь хIаллакйийр йолу уггар а боккха ницкъ. Оьрсийчоьнан Iедалан элемент яц Кадыров. Цо диллина дIаолу цунах лаьцна, Путинна бен ша тешаме цахилар билгалдоккхуш. Путинан а, Кадыровн а цхьа барт бу. Путин ца хилахь, Кадыров вац цхьана а хIуманца воьзна", - боху политолого.

Делахь а, массо реза ца хилира Ичкерин агIончех Украинехь керла дакъа кхолларна. Масала, Европерчу нохчийн диаспоран векалшна Сулейманов Джамбулатна а, Масхадов Анзорна а хетарехь, карарчу муьрехь гIоле хир дара Украинехь хIинцале а болу махкара боллу бахархойн ницкъаш вовшахтоьхнехь.

Иштта цара тидам тIебахийтира, лаамхойн керла дакъош вовшахтухучу юкъанна хIинца а листаза дуьссуш хиларна украинхойн Iедалхошца хеттарш, цо новкъарло йо оцу могIаршка лууш мел болчаьрга кхайкхамбан.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш тесира Оьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн Прагехь дIаяьхьначу форумехь дакъалаьцначарна. "Псевдолибералаш" бу элира цо и форум вовшахтоьхнарш, Оьрсийчоь хIаллакъян гIерташ бу аьлла, бехкаш дехкира. Форуман декъашхоша дийцаредира, Путин Владимиран урхалла дар дIадаьллачул тIаьхьа дозанийн хиндолчух, церан версица, Ичкерин суверенитет хила тарло.
  • Къобалъязчу Ичкерин агIончаша тIом кхъайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна: цара чIагIо йира меттигерчу бахархошлахь гIаттамхойн болам денбан. Мел баккъалла а тIеоьцур и дIахьедар, цуьнан тIаьхье муха хир ю ладоьгIийла ю гергарчу хенахь, дийцира Кавказ.Реалиина эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG