ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь 77 стаг велла коронавирусах. Ун даьлла ву - 1353


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 77 дархо, керла ун къаьстина 1335 стагаца.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 32 вахархо, Дагестанехь -11, Ставропол- махкахь а, Нохчийчохь а -барх-бархI, Кхарачой-Чергазийчохь - ялх, ГIебарта-Балкхаройчохь - пхиъ, ГIалмакхойчохь - виъ, Къилбаседа-ХIирийчохь - шиъ, ГIалгIайчохь цхьаъ дархо велла.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 13 074 стаг, боху официало.

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставропол-махкахь, лахара – Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а.

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставропол-махкахь, лахара – Къилбаседа-ХIирийчохь.

Ставрополь+-мохк+ 316 (64 598 ву пандеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 263 (59 050)
Дагестан + 200 (41 712)
Нохъчийчоь + 131 (15 965)
ГIалмакхойчоь + 116 (24 8I8)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 87 (27 004)
Къилбаседа-ХIирийчоь+ 65 (18 758)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 59 (22 385)
Адыгей + 58 (16 296)
ГIалгIайчоь + 58 (17 636)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 308 212 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Товбеца-беттан 30-чу денна и терахь ду 6 265 873*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG