ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь 88 стаг велла коронавирусах


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 88 дархо, керла ун къаьстина 1335 стагаца.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 31 вахархо, Дагестанехь -21, Нохчийчохь а, Ставропол-махкахь а – ворхI-ворхI, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а – пхиппа, Къилбаседа-ХIирийчохь – кхоъ, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а шишша кхелхина.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 12 997 стаг, боху официало.

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставропол-махкахь, лахара – Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а.

Ставрополь-мохк+ 312 (64 282 ву пандеми яьржичхьана)

Краснодаран кIошт + 263 (58 787)

Дагестан + 198 (41 512)

Нохчийоь + 122 (15 834)

ГIалмакхойчоь + 118 (24 702)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 87 (26 917)

Къилбаседа-ХIирийчоь + 65 (18 693)

Кхарачой-Чергазийчоь + 58 (22 326)

Адыгей + 56 (16 238)

ГIалгIайчоь + 56 (17 578)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 306 859 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Товбеца-беттан 30-чу денна и терахь ду 6 242 066*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG