ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь 95 стаг велла коронавирусах. Ун даьлла ву - 1373


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 95 дархо, керла ун къаьстина 1 373 стагаца.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 34 вахархо, Дагестанехь -23, Ставропол- махкахь - 10,ГIебарта-Балкхаройчохь - ворхI, Кхарачой-Чергазийчохь - ялх, ГIалмакхойчохь а, ГIалгIайчохь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а,Нохчийчохь а, Адыгейхь а - кхоккха кхелхина уьнах.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 13 948 стаг, боху официало.

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставропол-махкахь, лахара – Кхарачой-Чергазийчохь.

Ставрополь-мохк + 340 (68 222 ву пандеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт+ 256 (61 912)
Дагестан + 199 (43 916)
Нохчийчоь + 143 (17 364)
ГIалмакхойчоь + 108 (26 051)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 89 (27 972)
Къилбаседа-ХIирийчоь+ 67 (19 465)
ГIалгIайчоь + 59 (18 267)
Адыгей + 58 (16 928)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 54 (23 010)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 323 097 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Марсхьокху-беттан 11-чу денна и терахь ду 6 512 859.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG