ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 86 стаг


Тахана, Марсхьокху-беттан 10-чохь довзийтинчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 86 дархо, 1 382 ву вирус хьакхаелларг.

Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 33 стаг, Дагестанехь – 20. Ставрополь-махкахь – 11, Нохчийчохь – 7, Кхарачой-Чергазийчохь – 5, ГIалмакхойчохь а, ГIалгIайчохь а – кхоккха, Къилбаседа-ХIирийчохь а, Адыгейхь а цхьацца велла уьнах.

Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь велла лоруш ву COVID-19 вирусах 13 853 стаг.

Къаьстина дукха хааабелла ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан кIоштахь, кIезиг бу – Кхарачой-Чергазийчохь.

Ставрополан кIошт + 335 (67 882 пандемин боллу муьрехь)

Краснодар-мохк + 257 (61 656)

Дагестан + 205 (43 717)

Нохчийчоь + 141 (17 221)

ГIалмакхойчоь + 111 (25 943)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 90 (27 883)

Къилбаседа-ХIирийчоь + 66 (19 398)

ГIалгIайчоь + 61 (18 208)

Адыгей + 61 (16 870)

Кхарачой-Чергазийчоь + 55 (22 956)

Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 коронавирус гучуяьлла 321 724 стагехь. Ерриг Оьрсийчохь и терахь Товбеца-беттан 28-чу денна ду, Оперативан штабо бахарехь, 6 491 288 *.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чуоьцу аннекси йинчу ГIирмерчу хьолах долу терахьаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG