ТIаьххьарчу 24 сахьтехь COVID-19 вирус тIечIагIйинчех велла 103 пациент, ун къаьстина 1 376 стагана.
Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 32 вахархо, Дагестанехь -21, ГIебарта-Балкхаройчохь - 13, Ставропол- махкахь - 12, Кхарачой-Чергазийчохь -10, Нохчийчохь- ворхI, ГIалгIайчохь – пхиъ, Къилбаседа-ХIирийчохь – шиъ, ГIалмакхойчохь - цхьаъ велла.
Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 14 051 стаг, боху официало.
Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставропол-махкахь, лахара – Кхарачой-Чергазийчохь.
Ставрополь-мохк + 342 (68 564 ву пандеми яьржичхьана)
Краснодар-кIошт + 254 (62 I66)
Дагестан + 197 (44 113)
Нохчийчоь + I45 (I7 509)
ГIалмакхойчоь + 106 (26 157)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 90 (28 062)
Къилбаседа-ХIирийчоь + 68 (19 533)
Адыгей + 60 (16 988)
ГIалгIайчоь + 58 (18 325)
Кхарачой-Чергаийчоь + 56 (23 066)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 324 473 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Марсхьокху-беттан I2-чу денна и терахь ду 6 534 79I.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал а.