ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 75 стаг велла коронавирусах


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 75 дархо, керла ун къаьстина 1 325 стагаца.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 29 вахархо, Дагестанехь -11, Нохчийчохь – 10, Ставропол-махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а- ворхI-ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь – 4, Къилбаседа-ХIирийчохь – 3, ГIалгIайчохь а, ГIалмакхойчохь а - - шишша.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 12 754 стаг, боху официало.

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставропол-махкахь, лахара – Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а.

Ставрополь-мохк+ 310 (63 342 ву пандеми яьржичхьана)

Краснодаран кIошт + 260 (57 998)

Дагестан + 204 (40 913)

Нохчийчоь+ 127 (15 469)

ГIалмакхойчоь + 115 (24 344)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 85 (26 652)

Къилбаседа-ХIирийчоь + 62 (18 502)

Кхарачой0-Чергазийчоь + 56 (22 152)

ГIалгIайчоь + 53 (17 411)

АдыгеI + 53 (16 070)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 302 853 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Товбеца-беттан 27-чу денна и терахь ду 6 172 8I2*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG