ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу пхеа шерачохь Оьрсийчохь пхоьазза сов бу политикан тутмакхаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Мел кIезиг а, Оьрсийчохь 420 стаг политикан тутмакхех дIатоьхна бакъонашларъярхоша. И терахь пхоьазза сов ду пхи шо хьалха хиллачуьнца дуьстича. Ишта хьесап дина хаамийн "Медуза" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.) сайто, бакъонашларъяран "Мемориал" (Арахьарчу агентийн тептаре яьккхина организаци Оьрсийчоьнан Iедалша, "Мемориал" цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.)центрана тIетевжина.

"Мемориалан" тептарехь билгалваьккхинчу 420 стагах дин бахьанехь хьийзош ву 360. Доккхачу декъанна, уьш бу Оьрсийчохь йихкинчу исламистийн организацешлахь дакъалацарна бехкебен бусулбанаш а, Iедалхоша экстремистийн леринчу "Иегован Тешаш" ("Свидетели Иеговы") юкъараллин декъашхой а.

Маьршша дин лело а, дин харжа а йолчу шен бакъонах пайда эца гIортарна лоьцу нах бахьана долуш кхуьуш ду политикан тутмакхийн терахь. Делахь а, "Мемориало" билгалдаккхарца, Лахьан-баттахь йолаелла Оьрсийчохь "репрессийн тулгIе", оцу тIехула колони кхечира, масала, оьрсийн оппозиционер Навальный Алексей а, цунна гIортор еш хиллачу акцийн декъашхой а, ткъа цуьнан дуккха а агIончашна кхелаш йина, йа лецна латтош бу.

Оьрсийчохь билггал долу политикан тутмакхийн терахь кхин а масийттазза лакхара хила тарло, уьш берриш а ца нисбелла мониторинг юкъахь, билгалдоккху "Медузана" еллачу интервьюхь "Мемориалан" - "Тутмакхийн гIо лацар" агIонан куьйгалхочо Давидис Сергейс.

И бохург ду, тутмакхийн баккъал а долу терахь лакхара хила тарло, Советан заманан тIаьххьарчу хенахь хиллачул а. Организацин зерашца, КПСС-н инарла секретаран Горбачев Михаилан омраца политикан тутмакхаш маьрша бохучу заманчохь, пачхьалкхехь 700 гергга стаг вара церан могIарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG