ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIаккха везалур ву Путин кегийрхошна…": Оьрсийчоьнан кепехь кхетош-кхиор


Путин Владимир а, Кириенко Сергей а
Путин Владимир а, Кириенко Сергей а

Оьрсийчоьнан резерван фондера 7 миллиард сом хьажор ду кегийрхошлахь синмехаллаш кхион. Оцу хьокъехь хаам бо РБК-но Федералан хазанчийн урхаллин (казначейство) информацина тIе а тевжаш. Оьрсийчоьнан Iедалера ахча дIакхачор ду президентан администрацин куьйгалхочун гIовса Кириенко Сергейс урхалла латточу коммерцех йоцчу "Интернет кхиоран Институте". Интернет-контент а хир ю "кегийрхошлахь пачхьалкхаллин кхетамаш кхолларна" тIехьажийна. Федералан хазанчийн урхалло бахарехь, хьалхо оцу Iалашонна Оьрсийчоьнан бюджете диллинера 3 миллиард сом.

РБК-н информацица, Оьрсийчоьнан бюджетера 7 миллиард сом хьажор ду 200 интернет-проект кхолла. И ахча конкурсехула дIасадоькъур ду. Маршо Радионо кехат хьажийра "Интернет кхиоран институте", муха дIахьор ю конкурс, хIун башхаллаш хир ю кегийрхойн синмехаллаш кхиорехь, аьлла, хаттар деш, амма жоп ца деара. Хьалхо РБК-на интервью луш хьукматан куьйгалхочо Ключкин Антона дийцира, конкурсехь дакъалоцур ду "Россия", "Первый канал", RT телекомпанеша а, "Яндексо" а, кхечу хаамийн гIирсаша а, аьлла. Консурсан низам тIечIагIдийр ду президентан аппаратан куьйгалхочун гIовсан Кириенко Сергейн куьйга кIел йолчу тергаман кхеташоно.

Синмехаллаш кхолла хьажийна ахча лачкъор ду, тешна ву политолог Крашенниников Федор:

Иштачу программех, ахча лачкъор доцург, хуьлуш хIума дац цкъа а

– Проектан Iалашо цхьаъ ю, шеко а йоцуш – ма-хуьллу дукха ахча лачкъор. Оцу проектехь цхьамма кхин хIума лохуш нислахь – иза тамаше а хир ду. Иштачу программех, ахча лачкъор доцург, хуьлуш хIума дац цкъа а. И массо а патриотизм, кхийолу синмехаллаш кхиош йолу проекташ тергонехь латто аьтто ца хуьлу, ахча, цхьацца барамаш дIабаьхьна аьлла, юьстахдаккха атта хуьлу. Гарехь, кхиамца лачкъийна хьалха делла 3 миллиард сом, хIинца кхин а 7 миллиард лачкъалур дуйла кхетта. Хууш ду, оцу ахчанах цхьа дакъа кегийрхошца интернетехула бечу цхьацца белхашна тIе хьажор ду, Потупчик Кристинин балхах дIалур ду, кеп-кепарчу пабликашна, троллешна, иштта кхечу агIор дIасадерзор ду – цунах шеко а яц.

Кхеташ ду, Михалков Сергейс я кхечу цхьана режиссераша масех фильм йоккхур ю, баха ховшур бу, ткъа фильмаш, хуьлуш ма-хиллара, гайта а гайтале дIалекъар ю. Iалашо а ю ишта. И ахча, гуш ду, Путинан патриотизман ловзарш дIакхоьхьучарна даа луш ду. Оцу массо режиссерашна, журналисташна, публицисташна, яздархошна лур ду ахча – цаьргара оьшург ду кхидIа а царна Путин везар. Иштта, оцу кассера схьаоьцур ду цара ахча, ткъа дукхахдерг кхечара, финансашца бозабеллачу баккхийчу операторша дуур ду.

Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча Мединский Владимир къамел деш ву "История для будущего. Новый взгляд" форумехь. Москва, ГIад. 5, 2000 шо
Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча Мединский Владимир къамел деш ву "История для будущего. Новый взгляд" форумехь. Москва, ГIад. 5, 2000 шо

– Пачхьалкханна ял дIалуш болчу бахархоша муха кхето еза и тайпа харжаш?

Оьрсийчуьрчу бахархошка хоьттуш а дац, лаьа царна я ца лаьа кIадбоцчу гIуллакхашна ахчанаш хьежо

– Ткъа кхин хIун вариант ю? Муха кхето деза? Вочу агIор кхетор ду-кх наха иза. Кхин ду эшнарг – Оьрсийчуьрчу бахархошка хоьттуш а дац, лаьа царна я ца лаьа кIадбоцчу гIуллакхашна ахчанаш хьежо. И ахча президентан администрацино буьйр дина долуьйтуш ду. Цхьаммо а ца доьху оцу хьокъехь нахера пурба. Хоттуш хилча шега, шена цхьа пайда хинболлуче хьажаде и ахча, эр дара халкъо. Дац уьш халкъаца, цунна хетачух дузу хIуманаш. Президентан администрацин ловзаршна, цунна гIуллакхаш дечарна хьажийна ду и ахча. Оцу ахчано кегийрхошца беш болу болх чIагIбийр бац я царна чохь Путин везар цIеххьана сов а доккхур дац… Со ца кхета, нах цецбаххал хIун фильм йоккхур ю я пьеса язйийр ю. Кхочуш ян йиш йоцу Iалашо ю иза. Амма лачкъа-м атта далур ду и ахча, я дахана меттиг а карор яц, - аьлла хета политологна Крашенинников Федорна.

Поэт, публицист Рубинштейн Лев а вац шеко йолуш 7 миллиард соьмах хиндолчух – синбахамалла кхион хьажош дац ахча, кисана дерзоьр ду, боху цо. Оьрсийчуьрчу пропагандисташа сихха кечбинчу синмехаллин кхачанах Iехалур бац таханлера кегийрхой, боху цо:

– Ахчан терахьех дерг аьлча, кхеташ ду, иза сов мел хуьлу а дукха бевр бу шайгара "къен" хьал тодан луурш. Миллиардех доьзна а дац иза, и ахча ловзочийн коьртех дозу. Со тешна ву и нах уггаре баккхий малончаш, коьртаниг, цхьана хIуманах цатешарш бу. Патриотизмах а, истори Iалашъярх а жоп луш волчу Мединский Владимирна тIера муьлхачу а патриотизман кхайкхаман авторшна тIекхаччалц - уьш я хьекъал а, я шайггара лела бакъо а йоцу нах бу.

Рубинштейн Лев
Рубинштейн Лев

– Кегийрхоша проект муха тIеоьцур ю аьлла хета хьуна?

Массо а агIор деса го суна керла хIоттийначу Iалашонца дерг, ахча дIакхоллур ду цхьана наха, иштта доьрзур ду и гIуллакх

– Ас дагадоуьйту, муьлххачу а кепара, и тайпа пропаганда яржон йолийра Советан пачхьалкхехь 1920-чу шерашкахь. ХIетахь, бакъду, хьекъале нах бара, уьш шаьш кхайкхийначу некъах теша а тешара. Хьахор вай Александровн фильмаш я Дунаевскийн музыка – иза похIма дара, дера дара. Амма и похIма зуламна тIехьажийна хилла хилар – иза кхин ду, оцу хенахь ца хетта наханна иштта. Церан хIетахьлера лелар таханлерчу похIма доцчу пропагандистийнчул кхераме хилла хила а мега. Ткъа таханлеранаш-м бац хIуманна а пайде. Со а тIеIиттало цара бечу гIурташна, делахь а кегийрхой оцу кепех Iехалур бац аьлла хета суна. Массо а агIор деса го суна керла хIоттийначу Iалашонца дерг, ахча дIакхоллур ду цхьана наха, иштта доьрзур ду и гIуллакх, – элира поэта.

2014-чу шарахь кхоьллина цозуш йоцу "Интернет кхиоран институт". Президентан администрацин а, кхечу урхаллийн а гIоьнца иза кхоьллинарг ву LiveInternet-ан куьйгалхо Клименко Герман. 2015-чу шарахь и институт декъарейира Путин Владимира Оьрсийчоьнан интернет кхион. 2020-чу шарахь институтан дайшла язъелира дешаран, Iилманийн министралла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG