ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Талибан" - радикалийн хьогам. ОвхIанистанерчу хьоло тIеIаткъам бийр буй Кавказана?


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Олигархаша а, коррукцино а къам къоьлле кхачийначу муьрехь тоьлла "ТIалибан" – иштта ойла лела ОвхIанистанера сурт тергалдечу нехан цхьана декъехь (Оьрсийчоьно терроризман а лоруш, йихкина ю "ТIалибан"). ОвхIанистанан дозанца йолчу Юккъерчу Азин пачхьалкхашкахь а, ша Оьрсийчохь а хьал чолхене мел долу а алссам кегийрхой ойланаш лаьттар ю "джихIадехь тоьллачу", хIинца Iедалехь чIагIлуш йолчу "Талибанехьа", аьлла хета Кавказ.Реалиица къамелаш динчу эксперташна.

"Исламан пачхьалкхца а, "Кавказ Имаратца" а (ший а организаци ю Оьрсийчохь терроран лоруш, йихкина – ред.), гIаттамхойн тобанех хIоттаелла "ТIалибан" ю ша толам баккхале а Москвахь официалан тIегIанехь тIеэцна а, шеца бертан къамелаш дан торучех лоруш а.

"ТIалибаша Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ юьхьIаьржа хIоттор дуьйцуш, Оьрсийчоьнан телеэкранехула хазахетарца хазош дерг Америке дIакхочур дац. Америкахошна хуур а дац Оьрсийчуьрчу "патриоташна" муха го хилларг – цундела царна бен-башха а дац юьстахара къамелаш. Амма вуно дика дIахеза и дерриг а Оьрсийчуьрчу бусалбанашна – Кавказехь а, Идал-хица а. Кхеташ ду, радикалан исламан меттиг чIагIлуш ю церан бIаьргаш чохь", - яздо политолога Галлямов Iаббаса.

Путинан некъо диканиг гайтина а доцчу хьелашкахь, синкхетаман кризис хIоьттинчу кху муьрехь, ткъа Къилбаседа Кавказан республикаш стагнаце кхаьчна Iачу карарчу хенахь бусалба кегийрхой ларамца хьежа тарло "ТIалибанан" агIор.

Пропагандин тIаьхьало

"ТIалибанах" кхуллу туьйранаш даздала тарло, массех шо хьалха "Исламан пачхьалкхах" кхуллуш хилларш санна, аьлла хета "ТIалибан" дика евзачу Оьрсийчуьрчу политологна Серенко Андрейна.

"ТIалибанан" васт цхьаъ ду ОвхIанистанехь, амма кхин ду юьстахарчу пачхьалкхашкахь

"ТIалибанан" толамо" радикалан тIегIане кхачайо Оьрсийчуьрчу кегийрхойн цхьана декъан ойланаш, къаьсттина айбелла и кхетам Юккъерчу Азехь, цигарчу кегийрхошлахь яржайолалуш ю юха а джихIадан хIоттамах йолу ойланаш.

"ТIалибанан" васт цхьаъ ду ОвхIанистанехь, амма кхин ду юьстахарчу пачхьалкхашкахь. И васт шуьйрра даржа тарлуш ду, вирусан кепехь", – билгалдаьккхира Серенкос.

"ТIалибанан" васт хир дац тIалибийн политикан болам ма-барра гойтуш, ша лела хаза туьйра хир ду цунах. ДАIИШехьа хилла кегийрхой-радикалаш хIинца толам баьккхинчу "ТIалибанехьа" хир бу.

"Эрна ца элира цхьа шо ах шо хьалха "Ал-Къаидан" шайхаша (Оьрсийчохь, терроризман а лоруш, йихкина организаци - ред.), "ТIалибан" джихIадан толаман кеп ю. Къийсам бехха латтор бу, амма тоьлур ала дац, ткъа уьш тоьлла. "ТIалибанах" долу туьйра цо ша даржийна ца Iаш, даржадо "Ал-Къаидан" пропагандо а, ду уьш даржош кхучу меттигашкахь а санна, Оьрсийчохь а", – боху Серенкос.

Эксперта бахарехь, оцу толамо хаъал акхаяьхна ойланаш Юккъерчу Азехь – рицкъ тоъал доцчу, нах къен бехачу, меттигера олигархаш "деши чохь луьйчучу", ОвхIанистанах терачу мехкашкахь.

ТIалибашкахьа йолу ойла чIагIлуш ю Оьрсийчуьрчу полицин, коррупционерийн шогалла ловш болчу нахалахь

"Баьччин Дустуман, президентан ГIанин исбаьхьачу, бахамах йоьттинчу гIопашкахь яьхна, яьржинчу видеоша дукха нах боху джихIадан агIор, нийсонан охIланаш санна го царна тIалибаш – цара олигархаш дIабаьхна, лаьхкина махкара коррупционераш. ТIалибийн толам – иза кхаьънаш оьцучарна, халкъ мисалле кхачийначу къуйшна тIехь баьккхина толам бу", – дагардо политолога наханна шайн бIаьргашца гург.

Къилбаседа Кавказехь, ерриг Оьрсийчохь а гIоьртина лаьтта социалан-экономикан хьал, амма Юккъерчу Азин республикашца буьстича, Оьрсийчуьра политикан хIоттам никъ болуш бу шеца, боху эксперта.

"Оьрсийчуьрчу ницкъхоша радикалан структурашна дуьхьал дIакхоьхьу барамаш эвсаре бу, изза ала догIу Нохчийчуьрчу Кадыровх лаьцна а. "ТIалибанехьа" бусалба кегийрхойн дегнаш латтарх а, кхерам бац Оьрсийчохь хьал эрчадаларна. Амма тIалибашкахьа йолу и ойла чIагIлуш лаьттар ю Оьрсийчуьрчу полицин, коррупционерийн-хьолахойн шогалла ловш болчу мигранташлахь а, Iедал цадезачаралахь а. Цундела тIалибаша гайтина масал хир ду радикализм марсайоккхуш", – элира Серенко Андрейс.

Шемин метта ОвхIанистан?

Кремлца уьйрахь йолчу "Спутник" агенталло а, Симоньян Маргарита коьрта редактор йолчу Russia Today телеканало а деношкахь дуьйцура тIалибаш ДАIИШца а, " Кавказ Имаратца" а юкъарлонашкахь ю, бохуш.

Социалан машанашкахь иттаннаша декъалбина тIалибаш толам баккхарца оьрсийн маттахь хIитточу посташкахь, царалахь бу Кхарачой-Чергазийчуьра, ГIалгIайчуьра, Нохчийчуьра, Дагестанера, Адыгейра, ГIирмера, Идал-хица дехачу къаьмнех болу нах.

Официалан тIегIанашкарчу нехан биста кхаччалц ду тIалибаш къобалбийраш – Нохчийчоьнан куьйгалхочун динан гIуллакхийн хьехамча Шахидов Адам, масала. Цо юьхьанца "красавчикаш" ("тоьлла кIентий") бу, яздира тIалибех лаьцна, бохура уьш "матуридиташ а, и хьанафиташ" а бу, Оьрсийчоьно уьш ца лору кхераме, беза хьеший бина тIеоьцур бу, бохура.

"ТIалибан" къобал ца йинехь а, Оьрсийчоьно зIе кхаба еза цуьнца - кхин Iедал дац ОвхIанистанехь

"ТIалибано" толам баккхар зене ду, цо Оьрсийчуьра бусалба кегийрхой радикализаце кхачор бу аьлла ца хета цхьаболчу эксперташна. Къилбаседа Кавказан исламан талламийн центран директорна Гереев Русланна гарехь, ОвхIанистанехь тIалибаш толаро ца бо тIеIаткъам Кавказерчу хьоланна. Ишта ца нисдалийта бан беза кегийрхошца кхетош-кхиоран болх, дин довзар кIаргдан деза, пачхьалкханна, динашна а юкъара уьйраш тоян еза, боху цо. И болх Оьрсийчу балха богIучу мигранташца а бан беза, цунна хетарехь.

"Оьрсийчоь кийча ю муьлххачу а регионах шена оьшург дIадовзийта. ОвхIанистанца долчу дозанах а хьакхало иза. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело "ТIалибан" къобал ца йинехь а, зIе кхаба еза цуьнца, кхин Iедал ОвхIанистанехь цахиларе терра. Кхерамзаллах лаьцна ду ас бохург уггаре хьалха", - элира Гереевс.

Хьал кхечу агIор дерза а тарло - "ТIалибанан" толамо джихIадах йолу ойланаш есторал совнах, сахьт дац Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу луларчу пачхьалкхашкара радикалаш ОвхIанистане дIахьалха а.

1990-чу шерашкахь ша Iедале кхаьчча, дIахьедира "ТIалибано", ша "бакъйолу бусалба пачхьалкх" дIахIоттош ю, "къоман Iалашонаш" кхочуш йо, "дуьнентIерачу бусалба вежарийн аьтто бан дагахь ю", аьлла. ХIетахь Оьрсийчуьрчу радикалаша кхойкхура бусалбанаш ОвхIанистане хьижрат дан (дIакхалха), дIаоьхура дийнна доьзалш.

1999-чу шарахь Идал-хина гонахарчу къаьмнийн векалша "ТIалибанан" могIаршкахь кхоьллира шайх лаьтта " Булгар Джамаат" тоба, гIезалой, башкираш боцуш, дагестанхой а, гIебартой а, оьрсий а бара цуьнан могIаршкахь. 2009-чу шарахь тIмеашкахь вийра оцу джамаIатан амирех цхьаъ –Дагестанские Огни гIалара схьаваьлла ал-Дагестани Iиса. ОвхIанистанехь тIеман опреаци йолаелча лийцира тобан цхьаболу лидерш, Гуантанамо набахте кхачийра уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG