ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибаша толам баьккхинехь а, Евробарт дуьхьал ю Афганистанера церан Iедал тIелаца


Боррель Жозеп
Боррель Жозеп

Афганистанерчу тIамехь "Талибан" (Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а йихкина ю) болам толар бакъдо Евроберто (ЕС), гуманитаран а, миграцин а кризис эшорхьама цаьрца дийцарш долоо ду цара. ЕС-н арахьарчу гIуллакхийн лакхарчу векало Боррель Жозепа дина цунах дIахьедар юкъараллан мехкийн арахьарчу гIуллакхийн министршца конференци дIаяьхьначул тIаьхьа. Настоящее Время телеканло бина и хаам.

Оцу юкъанна цо билгалдаьккхина, Афганистанера болам формалехь Афганистанан бакъ долу Iедал ду бохург дац иза аьлла.

"Тхан коьрта Iалашо ю хIинца тхайн персонал а, тхоьца белхаш бина Афганистанан бахархой а кIелхьарабаха", - дIахьедина Борреля.

Афганистанера мухIажарш тӀекхохкабеллачу пачхьалкхашна гIо латтор ду шаьш аьлла, тIетоьхна цо.

Иштта Борреля хаам бина, хьолан духе кхиъалц Евроберто сацор ду Афганистанна экономикан гIо латтор, амма кхачор ду гуманитаран гIо. ТIалибашца дийцарш дIадахьа шаьш кийча хиларх хIинцале а дIахьедина Германино. Диалог дIатаса шайн векал Потцель Маркус хьажон дагахь бу уьш.

Карарчу беттан 15-охь Афганистанан коьртачу шахьарна чубахара "Талибан" (Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а йихкина ю) тобанан тIемалой. Цара дIалецира президентан пачхье, дIакхайкхийра ерриг а пачхьалкх шайгахь хиларх. Афганистанан президент ГIани Ашраф махкара дIавахана.

"Талибанан" куьйгалло Кабуле баьхкинчу шолгIачу дийнахь омра дира пачхьалкхан белхахошка, шайн меттигашкахь белхаш беш совца аьлла, зударшка а, божаршка а. Балха юхавалийна Кабулан мэр а, могушалла Iалашъяран министр а.

The Washington Post газето хаам барца, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн администрацино совцийна Американ банкашкара Афганистанан урхаллан пачхьалкхан резерваш, "Талибанан" векалш царна тIе ца кхачийта. Дуьйцург ду миллиардаш долларшкахь.

Дуьненчуьрчу 70 пачхьалкхо а, Евроберто а кхайкхам бина, Афганистанан бахархошна а, цигахь бехаш хиллачу кхечу мехкийн бахархошна а маьрша церан дозана тIера дIабаха аьтто баккха аьлла. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментца юкъахь динчу дIахьедарехь а дуьйцу цнах лаьцна. Афганистанан бахархошна гIо дан шаьш кийча ду, пачхьалкхера аравалар диллина дита аьлла, кхайкхам бина цара.

ДIахьедарна куьйгаш яздина Австралин а, Британин а, Германин а, Италин а, Канадин а, Францин а, Къилба Корейн а, Японино а Iедалхоша Оьрсийчоь яц куьйгаш таIиначу пачхьалкхашлахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG