Меттигера бахархой контракт дина, тIеман декхарш кхочушдан кхойкхуш, хетарехь, Веданан кIоштара МахкатIерачу администрацин векало бина аудиохаам баржийна нохчийн мессенджерашкахула. Нохчийн маттахь вистхуьлу иза, яздо Кавказ.Реалиино.
Шен хаамехь цо дIакхайкхадо юьртахошка, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан долара ши батальон Нохчийчоьнан баланса тIе сехьаяккхарца (юьйцург хила тарло гвардийн Шуьйта кIоштахь куп тоьхна хилла 29I-ра полк а, Шелара гвардин 70-гIа а полк а)"балха язвала" луучарна белхан меттигаш евлла аьлла.
Къаьсттина билгалдоккху, лаамхой вовшахтохар дац хIара контракташна куьйгаш яздар ду аьлла – балха бахка Iалашо йолчарна тIеман дакъошкахь болх хир бу цуьнца мел йогIу таронаш а луш, иштта пенси а луш. Билгалдоккху, чохь Iен хIусам а лург хилар.
Цул совнах, хаамбечо кхойкху Веданан кIоштарчу тIеман комиссарца оршотан дийнахь хиндолчу цхьанакхетаре а.
- Оьрсийчоьнан регионашкара кест-кеста хаамаш кхочу агитаци лелочу керлачу кепех дуьйцуш а, Украинана дуьхьал болчу тIамехь дакъалаца лаамхой олурш меттигерчу бахархошлара юкъа а ийзорах а. Масала, Дагестанехь полисхоша новкъахь сецабо гIуданаш тIехь долу машенлелорхой, царна "тIедожжина хьехарх" военкомате бахка, нагахь санна, царна тIехь долу декхар 50 эзарал а сов делахь. Машенлелорхочун къастам бу: контрактхо а хилла, тIаме вахар йа шога таIзар дар.
- Волгоградехь муниципалан ЖКХ урхаллашкахула гIалин тIеман комисарера кхеташ даьхкина компанин куьйгалхошка- цо доьху нах бехачу хIусамашкхаь кехаташ дIадетта, контрактхой тIекхойкхуш хиларх лаций. Цу тIехь эскархошна Украинерчу тIамехь дакъалацарна алапаш лур ду аьлла 300 эзар сом.
- Стигалкъекъа-бутт бовш Кавказ.реалии редакцин каракхечира видео, цу тIехь Краснодаран кIоштара цхьахйолчу тIеман комиссариатан векало агитаций о меттигарчу бахархошна, Украинерчу тIамехь дакъалаца контрактхой хила, дIаязло бохуш. Оцу цхьанакхетаре уьш гулбинера военкоматера кехаташ а дахьийина.