ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаме ваха цалуучу эпсарна кхел йина Краснодарехь. Ша наркоман хилар дIахьедина цо


Оьрсийн, беларусхойн танкаш ю цхьаьна Iаморашкахь, 2022 шо чиллин-беттан 21-ра
Оьрсийн, беларусхойн танкаш ю цхьаьна Iаморашкахь, 2022 шо чиллин-беттан 21-ра

Краснодарера эпсар Бай Вадим шен буьйранчин омра тергал цадарна ши шо, исс бутт чохь йаккха хан тоьхна, чувоьллина. Кхелан цу сацамна латкъам бина цо. Шена тIаме ваха цалаар ша наркоман хиларца бехказадоккхуш. ТIеман хьелашкахь кхайкхийна мобилизаци йолуш, тIаме баха цалуучарна таIзар хоржучу артиклаца долийначарех Бай Вадиман гIуллакх пачхьалкхехь хьалхарчарех ду.

Эпсар Бай Вадим йолахочун контрактаца тIамехь вара 2010-2015-чу шерашкахь, 2018-чу шеран зазадоккху-баттахь дуьйна а. Кхело дийцарехь, 2022-чу шеран товбецан-беттан 26-хь, гезгмашин-беттан 26-хь Украинерчу тIаме белхан командировке ваха дуьхьало йира цо. ШоллагIа иза цига вахийта делла омра питана лерира адвокато. Ша йолахо шен тIаме ваха цалаар шен могушаллин хьелашца бехказадохуш ву, "наркотикаш лелош хиларна телхинчу".

Эпсаран доьзало а дIахьедира кхелехь иза наркоман хиларх, цунна дарба лелон оьшуш хиларх а. Иштта цара гайтира - 2022-чу шеран гIуран-беттан йуьххьера 2023-чу шеран дечкен-батте кхаччалц Бай кхаа лазартнехь стационарехь хиларан тоьшаллаш. Цу тIехула цуьнан гIуллакхан ладогIарш совцийна.

Талламаш боьлхучу йукъанна цунна йира кхелан-психиатрикан экспертиза. Цу балхо эскархо "наркологин агIора могуш ву" аьлла сацамбира. Адвокат цу сацамна реза вац. Бай шоллагIа а Украинерчу тIаме хьажор провокаци лоруш адвокато йалийна аргумент а кхело дIатеттира, и ши омра тайп-тайпанчу буьйранчаша делла хиларна.

  • Ставрополера йолахо дIалаьцнера шозза Украине ца вогIуш сацарна. Ставрополан гарнизонан тIеман кхело Батдыев Марата динарг низаман кIоршаме зулам лерира - иза шозза ца веанера шена тIеман накъостий "командировке" баха вовшахкхетачу метте. Украинерчу тIамехь дакъалацарах тIеман министраллин документашлахь "командировка" олу. Батдыевна гауптвахтехь даккха 20 де кхайкхийра.
  • Ростов-махкарчу талламийн урхаллехь тIаме кхайкхинчу Зиновьев Русланан гIуллакх ца долош дитира. Цо Украинерчу тIаме ваха цалаар дIахаийтира, мобилизацин низамца цхьаъ галдаларна - тIеман куьйгалло цунна зераш де аьлла, омра кхочуш цадар артиклаца.
  • Ростов-мехкан Новочеркасскан гарнизонан тIеман кхело бехке лерина Украинерчу тIаме хьажийна Лыков Дмитрий. Цо шен лаамца боьдуш тIом болуш тIеман дакъа дитарна. Иза йуккъерчу ражехь даккха ши шо тоьхна, набахте хьажийна, могIарерниг аьлла йолу цIе дIа а йоккхуш. Талламхоша дийцарехь, Лыков тIеман декъера дIавахара, Керла шо шен цIахь даздан лаарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG