ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамехь байъинчу салтех керла хаамаш: 3 ХIирийчуьра, 1 Дагестанера, 1 ГIалгIайчуьра


Сумы гIала, Зазадокху-беттан 8-гIа де
Сумы гIала, Зазадокху-беттан 8-гIа де

ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а хаамбина, Украинехь Оьрсийчоьно долийначу тIелатарехь махкара бахархой кхалхарх.

Дагестанерчу Буйнакскан кIоштан куьйгалхочо администрацин официалан агIонехь кадам бина Лахара Казанище олучу эвларчу вахархочух Солтанмурадов Мусалимах, яздо Кавказ.Реалиино.

"Иза вийна шен белхан гIуллакх кхочушдечу заманчохь. Лахьан-баттахь 40 шо кхочур дара Мусалиман", - аьлла ду хаамехь.

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Камбилеевское эвларчу администрацино дIахаийтина Качмазов Артур валарх. Иштта хааме даьккхина Украинехь кхин а цхьаъ мехкан вахархо – Андреев Кирилл кхалхарх. Билгалдаьккхина, "шен доьзалан некъатIехула иза вахна хилар а, майра десантхо хилар".

"Харьковна гергахь хиллачу тIамехь велла иза. 22 шо дара цуьнан…",- яздо хааамехь.

26 шо долчу сержантан Кочиев Эльбрусан гергарчара а иштта хаамбина, иза валарх. Билгалдоккху, "белхан декхарш кхочушдеш, турпалхо санна велла иза" аьлла.

Шайн хьостана тIетевжина, "Фортангас" яздарехь, боьлхучу тIемашкахь вийна ГIалгIайчуьра вахархо Мержоев Беслан а. Сагопши эвлахь вехаш хилла иза, Малгобекан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь болх а беш.

Украинехь тIом болийчхьана дIавоьллина бархI эскархо – Чапанов Алик, Костоев Рамзан, Курскиев Абубакар, Малороев Муса, Зурабов Мовсар, Аушев Юнус, Торшхоев Илез, Богатырев Абу-Муслим.

Официалехь боцчу хаамашца къаьстина, ГIалгIайчуьра 14 эскархо валарх, 12-нна чевнаш ярх. Шиъ карабахначийн тептарехь ву.

Кавказ.Реалиин информацица, Украинехь тIемаш боьлхучу юкъанна мел лахара а 29 салти-контрактхо вийна Дагестанера. Оцу юкъанна официалехь исс валарх бен хаийтина а дац.

Иштта Украинехь тIемаш болийчхьана велла мел кIезиг а Вогоградера итт салтий, Къилбаседа ХIирийчуьра бархI, ГIебарта-Балкхаройчуьра ялх, Кранодаран кIоштара кхоъ, Астраханера, Нохчийчуьра, ГIалмакхойчуьра, Ставрополера шишша, Ростовера цхьаъ.

  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедира беллачех цкъа – Зазадокху-беттан 2-чохь. Церан хаамашца, оцу мIаьргонехь 498 стаг валарх хууш дара. Шемахь тIемаш боьлхучу шерашкахь официалехь динчу дIахьедарца, кхелхира 116 оьрсийн эскархой. 2008-чу шарахь Оьрсийчоь Гуьржийчу гIоьртича – 67 стаг. Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIеман шина шарахь федералан эскархошлахь, кеп-кепарчу хаамашца байъинчийн терахь 4 103 стагана тIера 5 042 тIе кхаччалц ду.
  • Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоь тIелетира Украинан дозанашна. Зазадокху-беттан 8-чохь – кхойттолгIа дей-буьйсий ду тIемаш лаьтта. Оьрсийн эскархоша герзаш деттара Николаев гIалина, лелхийтарш хезара Киевехь а, Сумыхь а, кеманашца тохарш дира Украинан кхечу гIаланашна а, ярташна а. Киевера а, Мариуполера а, Харьковера а, Сумыра а гуманитаран коридораш елларх дIакхайкхийна Оьрсийчоьнан тIеман министралло. ЖамIаш доцуш йирзина Беларусехь Оьрсийчоьнан а, Украинан а делегацеша хIиттийнчу дийцарийн 3-гIа раунд а. Оьрсийчоьнан тIедахкаршна юкъара дIаяйина Украинан "денацификацех" пункт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG