ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамна дуьхьал а, Нохчийчохь мобилизаци ярна дуьхьал а митинг хилла Венехь


Укрианерчу тIамна а, Нохчийчохь мобилизаци ярна а дуьхьал митинг. Вена, гезгамашин-беттан 25-гIа, 2022 ш.
Укрианерчу тIамна а, Нохчийчохь мобилизаци ярна а дуьхьал митинг. Вена, гезгамашин-беттан 25-гIа, 2022 ш.

Къобалъязчу Нохчийн Ичкерия республикан векалалло Австрихь дуьхьалонан демонстраци дIаяьхьна Венехь. Цуьнан декъашхо хилла 300 стаг, шайлахь кхечу мехкашкара нохчийн диаспораш а, иштта Украинера а, Гуьржийчуьра а, Шемара а, Беларусера а жигархой болуш.

Кавказ.Реалиига Австрерчу Ичкерин векало Дунаева Розас дийцарехь, Оьрсийчоьнан тIеман агрессих бала лайначу къаьмнийн векалш а кхайкхинера акци вовшахтоьхначара шайх схьакхета. Цара цхьаьна протест кхайкхийра Кремлан тIеман зуламашна а, "Нохчийчуьра зуламечу Путинан мобилизацина" адуьхьал. Демонстрацин декъашхоша шайн пачхьалкхийн байракхаш яржийра, иштта Ичкерин байракх а.

Акцихь дакъалаьцначу Венера "Ичкерия" культурин центран куьйгалхочо Исханов Хьусейна дийцира редакцига, Нохчийчохь а, луларчу мехкашкахь а кхайкхийначу мобилизацина шайн сахьийзарх: "Оха, нохчаша, сагатдо тхешан къомана, бертаза тIамтIе буьгучу кегийрхошна а. Тхуна хууш ма-хиллара, нуьцкъаша тIамтIе бахийтинчарлхаь белларш а бу".

  • Хьалхо нохчийн диаспоран векалша Австрихь цхьааллин пикеташ йолийра Оьрсийчоьнан Венерчу векалтана хьалха – цуьнан декъашхоша тIедожийнера бертаза Нохчийчуьра кегийрхой Украинерчу тIаме хьийсор сацаде аьлла
  • Президенто Путина гезгамашин-беттан 21-чохь мобилизаци кхайкхийра, цхьана декъана хир ю аьлла. Iедалхоша дIахьедира, эскаран гIуллакхех чекхваьлла, тIемашкахь дакъалаьцна зеделларг долу 300 эзар резервехь болу нах эскарехь вовшахтоха Iалашо хиларх. Мобилизацих долчу официалан омрана тIехь яздина дац и чIагIдарш, цундела иза дIахьочу хьалхарчу деношкахь дуьйна кеп-кепарчу регионашкара хаамаш кхочура дIакхайкхийна дозанаш дохош хиларх. Зорбанан гIирсийн хаамашца, миллион сов вахархо Украинаца болчу тIаме хьажон Iалашо ю Iедалхойн.
  • Мобилизацина тIехула дуьххьара протесташ хилира гезгамашин-беттан 21-чохь. Йоллу пачхьалкхехула лийцира бIеннашкахь цIеххьана хIиттийнчу митингийн декъашхой. Уггар дукха нах вовшахкхийтира Москвахь а, Санкт-Петербургехь а, Уралан а, Сибирин а гIаланашкахь а. Иштта дуьхьалонан акциш хIиттийра гезгамашин-беттан 24-чохь а. Къилбан гIаланашлахь дакъалецира цаьрца Краснодаран а, Волгоградана а бахархоша.
  • Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара хаамаш кхочу, Украинера тIаме бахийта кхайкхийна мобилизаци дIахьочу заманчохь низам дохош хиларх лаьцна. Доккхачу декъанна Дагестанехь мобилизацин пункташка кхачабо баккхий доьзалаш болу дай, эскарехь гIуллакх дина йа тIеман зеделларг а доцу, 35 шерашкара бевлла могIарера нах.
  • Гезгамашин-беттан 25-чохь ХIинжа-ГIалахь ша-шаха гIевттинчу наха миттинг дIаяьхьира Украинерчу тIаме хьийсон кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал, бара царлахь дуккха а зударий а. Хаамбо дуккха а нах лецна хиларх, цхьаболу лоьцурш карара баха гIертара протестхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG