ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамтIехь аьтто бохарх Кадыровс дина дIахьедарна жоп делла Кремлехь


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Украинана дуьхьал болийначу тIамехь Оьрсийчоьнан эскаран аьтто бохарх "пачхьалкхан урхалле вистхир ву" аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедарна комментарий йитина Кремлехь.

"Кеп-кепарчу хеттаршкахула и шиъ кест-кеста къамеле вуьйлу. Цкъачунна графикехь тIекере яц", - аьлла президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс, журналистийн хаттарна жоп луш, яздо пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло.

Гезгамашин-беттан 10-чохь Кадыровс тIедожийра тIеман министраллина, дIалецна Харьковн кIоштара гIаланаш украинхойн тIемалоша маьршаяьхначул тIаьхьа стратеги хийцар.

Кадыровс дIахьедира, куьйгалло "гIалаташ довлийтина", иштта кхерам тесира, нагахь санна, тIедогIучу деношкахь тIемаш баран кеп хийца ца хийцахь, ша "декхаре хир ву" Оьрсийчоьнан тIеман министраллин а, пачхьалкхан а урхалле вистхила, "билггал цигахь долчух дIахаийта" аьлла.

  • Гезгамашин-беттан 7-чохь дIахьедира Кадыров Рамзана, Украинерчу тIамехь дакъалаца Росгвардин – "Север" полкан шиъ нохчийн дакъа хьажорах (Соьлжа-ГIалахь куп тоьхна Кадыров Ахьмадан цIарах I4I-ра полк) а, "Юг" батальонан а (Веданахь куп тоьхна 249-гIа батальон).
  • Дахначу кIиранах ВСУ-но долийна Харьковн кIоштара дIаяьхначу меттигашна контртIелатар. Гезгамашин-беттан 8-чохь Оьрсийчоьнан эскарша шаьш юкъадерзорна а кхоьруш, дIатесира Балаклей гIала, гезгамашин-беттан 10-чохь – Купянск. Цхьа могIа хаамашца, герга ду украинхойн эскарша Изюм а, Лиман а схьаяккха а.
  • Гезгамашин-беттан 10-чохь Оьрсийчоьнан тIеман министрало дуьххьара комментари йира Харьковн кIоштара юхадовларх. "Донецкан аIгор ницкъ тIабахийта" Iалашонца "эскарш кхечухьа дехьадоху операци" ю элира иза урхалло.
  • Нохчийчохь дIатардина Росгвардин дакъош, формалехь федералан урхаллин структури юкъа а догIуш, ма-дарра аьлча, Кадыров Рамзанан куьйгакIел ду. Украинхойн Iедалхоша бехкейина "Севевр" полк Бучера а, Ирпенера а, Гостомелера а маьрша нах байъарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG